Санкцеш чIагIъян еза, боху Маккейна
Гезгмашин-беттан 4 чохь ша Киевехь визитаца волуш, оьрсашна дуьхьал кхайкхина йолу санкцеш луьрачу кепехь чIагIъян еза, аьлла, дIахьедар дира Цхьаьнатоьхначу Штаташкара сенатора Маккейн Джона. Iамерко Украинина дуьхьалонан герзаш хилийта деза, аьлла, хеташ ву Маккейн. (Reuters)