ХIаагера жоп деана Ибрагимов Сайд-Эмига
20 шо ду Страсбургехь (Франци) вехачу нохчийн бакъоларъярхочо Оьрсийчоьнан президент дуьненаюкъарчу трибунале ийзавен. Цуьнан аьрзнашна дуьхьал жоп дийитан ХIаагерчу прокуратурано.
20 шо ду Страсбургехь (Франци) вехачу нохчийн бакъоларъярхочо Оьрсийчоьнан президент дуьненаюкъарчу трибунале ийзавен. Цуьнан аьрзнашна дуьхьал жоп дийитан ХIаагерчу прокуратурано.
Украинерчу тIамехь маьрша нах а, ткъа иштта шина а тIом бечу агIонан векалш а байъарал совнаха, тIамо вуно даккхий зенаш до Украинан экономикана. Вевзаш волчу Украинерчу экономистца Бутко Вячеславца къамел хилира Марошо Радион оцу хьокъехь..
Оьрсийчуьрчу набахтехь чубоьхкинчу нохчашна тIехь ницкъ бо, олий, кесст-кесста аьрзанаш даьржа шуьйрачу юккъараллехь. РогIера арз кхаьчна Тюмень кIоштарачу цхьана набахтера. Цигахь бусулба тутмакхашна гIелойо, керста дин тIеэца бохуш, леткъамаш бо цара а, церан гергарчаьрга а.
Гезгмашин-беттан 4 чохь ша Киевехь визитаца волуш, оьрсашна дуьхьал кхайкхина йолу санкцеш луьрачу кепехь чIагIъян еза, аьлла, дIахьедар дира Цхьаьнатоьхначу Штаташкара сенатора Маккейн Джона. Iамерко Украинина дуьхьалонан герзаш хилийта деза, аьлла, хеташ ву Маккейн. (Reuters)