Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"Оьрсийн мафи" набахте хьажийна Германехь

Масех кIира а дара Германехь „оьрсийн мафи“ аьлла цIе тиллинчу тобанна тIехь кхел дIайоьдуш йолу. Оьрсийчуьрий, Украинерий талорхойн цхьа дакъа 2016-чу шарахь лаьцнера Берлинехь. Амма полици и гIуллакх талларехь кIарг мел ло а, инзаре йоккха криминалан структура гучуелира Iедалхошна, шерашкахь миллионаш еврона пачхьалкхана зенаш деш хилла йолу.

Дюссельдорфехь, Франкуртехь а, Кельнехь а, Лейпцигехь а – гезгамаша санна боллучу немцойн махкахь шайн талорийн схема яржийна хилла цу наха. Мафин кепехь вовшахкхеттачу структурийн леламаш а, цара пачхьалкхана динчу зенан барам а талла Iедалхошна шо сов хан ийшира. Ткъа и дерриге а листа кхелана ийшира кхин а масех бутт.

Йоллучу Германехь полицино 230 фирма гучуяьккхира, «оьрсийн мафино» лерина шен зуламе Iалашонаш кхочушъян кхоьллина йолу. Цу фирмашкахула талорхой зIене бовлуш хилла къаналла я цамгар бахьана долуш Iуналла оьшучу нахаца я церан доьзалшца. Цаьрца барт а беш, лоьрашкара ка ма-доллу алсам Iуналла царна оьшуш хиларх тоьшаллаш дохуш хилла зуламхоша. Цул тIаьхьа и Iуналла дар «оьрсийн мафино» шайна фирманашкахула тIеоьцуш хилла.

Шайца барт бинчу баккхийчу нахана я церан доьзалшна цхьа кIеззиг хIума а луш, лоьрийн зе меттахIоттаран системера эзарнашкахь ахчанаш схьаоьцуш хилла мафин декъашхоша, шаьш ца бина болх кехаташкахь тIе а язбеш. Масала, Берлинерчу полицино 2016-чу шарахь лаьцнера «Ариадна» цIе йолу Оьрсийчуьра орамаш долчу зудчо кхоьллина фирма.

Цу фирмин белхахоша кино чохь актерш санна цомгушчийн ролаш ловзон Iамош хилла шайца берта баьхкина болу клиенташ. Бехктакхаман гIуллакхехь Iедалхоша яздина ма-хиллара, клиенташ  цара оьрсийн къомахчу я Советийн пачхьалкхенна юккъе догIуш хиллачу къаьмнех болчу нахана юккъехь лохуш хилла.

Царна Iамош хилла лоьрашна хьалха шаьш цомгуш ду муха моттийта деза. Къеначу пациенташа шаьш лела ца луш, меттахь бисина а олий, лоьрашка петаре схьакхойкхуш хилла. ТIаккха лоьрашна хьалха  шайн карара хIума охьайожош, узарш деш, мотт тийсало я кортана телхина моттуьйтуш а, я галмарза лелхаш хилла фирман белхахоша Iамийна болу симулянташ.

Иштта меттахь висина ву аьлла лоьрийн зе меттахIотаран системехула хIора баттахь масех эзар евро иза лелорна хьажош волу  цхьа клиент полицина вилспет хаьхкина вогIуш гучуваьллера. Кхин а масех гучуваьллера карахь деза тIоьрмигаш а долуш туьканара вогIуш.  

Еккъа цу цхьана Берлинерчу фирмано пачхьалкхана дина долу зе миллион еврол сов ду. Ткъа юкъарчу хьесапехь лийцинчу «оьрсийн мафин» декъашхоша, мел кIезга а, 8 миллион еврона зе дина хилар тIечIагIдина лерина Дюсселдорферчу кхело. Iедална гучу ца долуш дисина долу зе кхин а масийтаза лакхара хила тама бу аьлла тешна ву ша элира кхел дIахьош хиллачу Нолце Гидос.

Кхеле озийначех цхьаммо ша цу зуламечу кепара даьккхина долу ахча шен цIахь бисинчу къечу гергарчу нахана дIадохьуьйтура аьлла кийтарло ялийча кхелахочо Нолцес элира: «Хьуна кхузахь оьрсийн «собес» ю-м ца моьтту? Немцойн ясакхъялархойн ахча дара хьуна аш лечкъийнарг», - аьлла.

Кхело шина шарера ворхI шаре кхаччалца хенаш кхайкхина мафин 9 декъашхочунна. Пхи боьрша стагий, йиъ зудий ю царна юккъехь.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Еще трое сирот из Наро-Фоминска получили жилищные сертификаты

Автомобиль каршеринга столкнулся с мотоциклом на юго-востоке Москвы

Концертный директор для музыкантов. Концертный директор для певцов. Концертное агентство в Москве. Букинг агентство. Организация концертов и гастролей.

В Інституті вивчення війни пояснили, нащо РФ імітує бажання переговорів

Музыкальные новости

Память Жанны Фриске почтили посмертной наградой и ее песней на музыкальной премии

В Дубне сотрудники Росгвардии помогли утиному семейству перейти оживленную трассу

«Магнит» планирует строительство нового склада в Ленобласти

Анна Asti и Дима Билан стали лучшими исполнителями по версии премии МУЗ-ТВ

Новости России

Еще трое сирот из Наро-Фоминска получили жилищные сертификаты

Криптопроекты: услуги и разработка от Компании Blockchain Projects LLC

Минтуризма Нижегородской области заключило соглашения для развития инфраструктуры автомобильных путешествий

Концертный директор для музыкантов. Концертный директор для певцов. Концертное агентство в Москве. Букинг агентство. Организация концертов и гастролей.

Экология в России и мире

Сэкономить и оторваться с Angsana Velavaru

Прямые рейсы в Таиланд неожиданно снимают: стали известны подробности и альтернативы

Магазин "Стильпарк" в новой концепции открылся в Москве

Скидки по поводу и без от Mirihi Island Resort

Спорт в России и мире

Карен Хачанов проиграл Вукичу во втором круге турнира ATP-250 в Хертогенбосхе

Бьянка Андрееску: «Мне нравится, что на траве, поскольку она намного быстрее грунте, меньше времени на раздумья»

«Ну и где здесь «группа смерти?» ATP показала, каким был бы Евро-2024 с теннисистами

Александрова вышла во второй круг турнира WTA в Хертогенбосе

Moscow.media

Всегда на связи: проводная гарнитура Fstyler FH150U от A4Tech

Портативный ТСД корпоративного класса Saotron RT-T70

ТСД промышленного класса Saotron RT-Т510

Рубена Варданяна в бакинской тюрьме заставляли долго стоять, его лишали воды, ему не разрешали мыться и менять белье и одежду







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *