Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"Ша бункер чохь а Iаш, оха блок-пост дIакъовла еза?"

Кадыровс блок-посташ дIаяха аларо гIайгIане баьхна "Чермен" пост латтош болу хIирийн хьаькамаш


ХIара Iа долалучу муьрехь дара Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Къилбаседа Кавказан республикийн дозанашкахь лаьтта полицин хаш дIадаха дезара, цара дерза ца дуьту нехан дегнаш чуьра тIеман хьал, аьлча.


Цхьаболучара, Кадыров бакъ ву, "КПП" олучу полицин хаша ирча сурт латтадо регонехь, олу. Амма хIирийн хьаькамашна ца тайна дIахьедар, кхерамзаллина эшам хир бу, боху. Массарел а чIогIа оьшу блок-пост ю ГIалгIайчоьнца лаьтта "Чермен" пост, аьлла хета царна.


Ши кIира хьалха оцу хьокъехь вистхилла Къилбаседа ХIирийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министр Скоков Михаил.


"Оперативан белхахо суо хиларе терра, сайга хаьттича, ас аьндерг цхьаъ ду: пост йита еза, йитина ца Iаш, кхин а тIе чIагIъян а еза", билгалдаьккхина Скоковс.


"Кавказ.Реалис" динчу хаттарна жоп луш, хIирийн полицин урхаллерчу пресс-гIоьнчалло а элира, Черменерчу постехь хийцамаш бац, хир бу ала меттиг а яц, хьал Скоковна хетачунна тIехь дуьсур ду.


…Делахь а, реза бац блок-постна, шина мехкан доза кест-кеста хедош, дIасалела нах.


"Цхьаъ делахь, цхьа гетто а йиттина, кхечу гетто воьдуш санна хета. Шиъ делахь, тIех йоккха ю цигахь лела коррупци, хьуо чувоьдучу махках а  догдоккхуш. Къаьмнийн юкъаметтигашна Iаткъам бо къиза хьийзачу полисхоша", элира "Кавказ.Реалиига" гIалгIайн блогеро Балаев Бешара.


Цунна хетарехь, "вай дIасадаха, дакъошка декъа кхоьллина ю блок-посташ, цара дIайоккху адамашкара конституцино маьрша дIасалела елла бакъо".


Кавказехь проблемаш хиларх къера а хилла, уьш дIайохучу метта, нахана юкъахь посташ латтайо, иза харцо ю, боху Балаевс. Изза яздо цо социалан машанашкахь а. Бакъво гIалгIаша, массара а санна.


Амма Къилбаседа ХIирийчохь нийсса бIостанехьа кхетадо хьал. "Чермен" пост ца хилича ца йолу, цо кхерамзалла латтайо, олу дукхахболучара.


"Оцу постехь дуккха а полисхой кхелхина, цара талла сецочу террорхойн карах. Цхьана агIор – блокпостехь лаьтта рагI, нехан къадбалар, вукху агIор – иттаннийн маьршачу нехан дахар, иза дIадахьа арабевлларш… Хила дезарг кхеташ ду - лаьттийла №I05 йолу "Черменера пост!", яздо машанехь БуьрийтIерачу С. Лаурас.







Цо бохучунна тIетов ХIирийчуьра Д. Чермен.


"Шена тIера волало, ала деза Кадыровга. Посташ оьшуш ца хилича, Кавказехь терроризм къарйина хилича, дIадаха цо шен хаш, ма латтае кхаа турсан гонехь ша вина Цоьнтара. Оьрсийчоьнан уггаре паргIатчу регионехь цунна стенна оьшу оццул ха? Ша а ма лела, шена гонах хан рота а яккхий. Масал гайта. Ша бункер чохь а Iаш, оха блок-пост дIакъовла еза?", яздо хIирийн жимчу стага.


Кадыровна постех лаьцна критика йира деношкахь "Бесланан наной" юкъараллан куьйгалхочо Дудиева Сусаннас а. Цунна тIетайра дуккха а нах.


"Туристаш блок-постех кхоьру бохург бакъ ду. Дукхахболучарна хета а хета кхузахь тIом болуш санна, блок-посташ гича-м муххале а", элира "Кавказ.Реалиига" ХIирийчоьнан яхархочо Дзарахохова Лаурас.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *