Нохчий а, гIалгIай а махкахбахар дагалаьцна Къилбаседа Кавказехь
Цуьнца цхьаьна, Нохчийчуьрчу Iедалша шуьйра даздина ерриг Оьрсийчохь лоруш долу "Даймохк ларбархочуьнан де" олу дезаде.
ГIалгIайчохь Несарарчу депортацина хьажийначу Мемориалана хьалха халахетаран митингвовшахтоьхнера Iедалша, хаам бо Кавказ.Реалиино.
Дагестанехь нохчий а, гIалгIай а бохийна Сибрех а, Юккъерчу Азе а бахийтина де дагалецира, Новолакан кIоштарчу Ярыксу-Аух эвлан гергахь хIоттийначу хIолламна уллехь митинг а йина. Иза вовшахтоьхнера меттигерчу "Нохчийн юкъараллан кхеташо" вовшахтохаралло. "Нохчийчоь тахана" агенталло бинчу хаамца, депортацехь кхелхинарш дагалаца цигехь цхьаьнакхеттера луларчу ярташкара а, ткъа иштта Нохчийчуьра а бахархой.
Нохчий а, гIалгIай а махкахбаьхна 75 шо кхочуш леррина вистхилар арахецна Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхочо Темрезов Рашида а, "харцонан баланах чекхбевлларш дагалоцуш". "Депортацера цIа ца баьхинчеран сирла эс ду вайца", - яздина Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхочо Instagram-хь.