Вайнах махкахбаьхна 75 шо кхачар дагалоцуш митинг хилла ГIалгIайчохь. Несарахь политикан репрессеш лайначу нахана хьажийначу мемориалана хьалха хиллачу акцехь дакъалоцуш бара эзарнаш бахархой. «Вайн дайша, шаьш шайн вежаршца-нохчашца махкахбохуш, вуно яккхийн халонаш лайнехь а, лардина къоман сий а, оьздангалла а, ларйина сийнан чIагIалла, корта айина чекхбевлла уьш халонех", - элира митингехь вистхуьлуш республикан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека.