Путинан рейтинг лахъелла йогIу
Дечкен-баттахь дуьйна тергам хиллера экспертийн, президенте болчу тешаман рейтинг охьайоьдуш хиларан: хIетахь 32, 7% гойтура.
"Общественное мнение" фондан талламашца, Дечкен-баттахь Iораяьккхинчу информацица, Iедалхоша лелочунна тIаьххьарчу баттахь "оьгIазло, я резабацар" гIаттийнера 54 процент респонденташлахь.
Рейтинг охьаялар нисделла пенси боьлху хан тIетухучу юкъанна а, бахархошна тIебогIу пайда лахбала болабелча а.