Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Март
2019

Новости за 08.03.2019

Radiomarsho.com 

Путинан рейтинг лахъелла йогIу

Орсийчоьнан президенте Путин Владимире хиллачу тешаман рейтинг лахъелла 32 проценте. Оьрсийчуьрчу юкъараллина хетарг толлучу центро (ВЦИОМ) бинчу талламан зераш ду уьш. Дечкен-баттахь дуьйна тергам хиллера экспертийн, президенте болчу тешаман рейтинг охьайоьдуш хиларан: хIетахь 32, 7%  гойтура. "Общественное мнение" фондан талламашца, Дечкен-баттахь Iораяьккхинчу информацица, Iедалхоша лелочунна тIаьххьарчу баттахь "оьгIазло, я резабацар" гIаттийнера 54 процент респонденташлахь. Рейтинг охьаялар... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ООН-ан комитето Титиев маьршаваккхар тIедожийна Оьрсийчоьнна

Бехкаш тIера а даьхна, катоьхна набахтера араваккха веза оьрсийн Iедалхоша Соьлжа-ГIаларчу "Меморилан" офисан куьйгалхо Титиев Аюб аьлла, дIахьедар дина ООН-ан адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан эксперташа. Маршо Радионо ма-яздарра, байначу беттан 21-чохь дирзи Титиевн довхаттар. Карара бут чекхбалале кхелахоша дIакхайкхор бу шаьш бакъонашларъярхочун хьокъехь бина сацам. "Тхо саготта ду политикан бух тIехь иза лацарна. Цо беш болчу бакъонашларъяран белхаца доьзна ду цуьнан лацар", - аьлла... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Волгоградехь яйна зуда лоьху Соьлжа-ГIалахь

Байначу беттан 21-чу дийнахь Волгоградехь кхаа бераца яйна зуда лоьху Соьлжа-ГIалахь. "ВолгоСпас" тобанерчу волонтерийн хаамна тIе а тевжаш, "Городские вести" гIирсо яздо, 38 шо долу Серикова Ольга шен 7 , 10, 11 шераш долчу берашца цхьаьна араяьлла, цхьанна а ша йоьду меттиг а хоуьйтуш аьлла. Йолчу информацица, Соьлжа-ГIалахь ю и зуда. Зудчун аматаш а, йовза тарлучу билгалонех а хаамаш а беш, иза тусаеллачуьнга шайга хаийтар доьху Волгоградан кIоштарчу волонтераша а, полисхоша а. Телефон: 8-905-397-94-56.

Radiomarsho.com 

1,5 шарахь машен лелор дихкина латархочунна Емельяненко Александрна

Ставрополан кIоштахь некъан низамаш талхорна дIалаьцначу маьршачу кепехь латахочуьнгара Емельяненко Александрера машен лелоран бакъо дIаяьккхина Кисловодскерчу кхелахоша. 30 эзар сом гIуда а хьарчош, 1,5 шарна машенна урхалла дар дихкина цунна. Маршо Радионо яздира, некъан низамаш дохийна, Кисловодскехь къайлавала гIоьртича полисхоша дIалаьцначу ийначу кепехь латархочо Емельяненко Александра кхеле дехар дина хиларх, гIуда а тохий, ша маьршаваккха аьлла. Кхелехь мукIарло дина хиллера спортхочо, къаьркъа а мелла... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Иркутскерчу набахтехь нохчийн тутмакхна еттар тесна дитина талламчаша

Меттигерчу бакъонашларъярхоша ИК-3 изолятор чохь латточу Нохчийчуьрчу вахархочунна Эдигов Сулиманна еттарх шайга хаийтинчул тIаьхьа комментари йитина Иркутск кIоштан Талламан комитето. "Аш хьалхатеттина хеттарш кхочушдан компетенте яц Оьрсийчоьнан Талламан комитет", - аьлла ду урхаллера даийтина жоп. Иркутскерчу Юкъараллан тергамчийн комиссин декъахочо Глущенко Павела тамаша ца бина талламчийн жоьпах. "Цецволийла дац Талламан комитетна болх бан лууш цахиларх. Тхан регионехь набахтешкахь Iазапаш а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Масхадов Аслан вийна 14 шо кхечи

Тахана 14 шо кхечи 1994-1996-чу шерашкахь Нохчийчоьнан президент лаьттина Масхадов Аслан вийна. 2005-чу шеран Зазадоккхучу-беттан 8-чу дийнахь «Интерфакс» агенталле бира и хаам Регионерчу штабан (РОШ) Къилбаседа Кавказехь терроран операцин урхалла дечу векало Шабалкин Ильяс. «Ас тоьшалла до Масхадов Девкар-Эвлахь хиллачу тIематасадаларшкахь вийна хиларх. Иза лечкъана хилла оцу юьртарчу цхьанан цIийнан бухарчу бункерчохь» аьлла бара Шабалкинан хаам. Масхадов Аслан вина 1951-чу шарахь Казахстанерчу Карагандинскан кIоштахь. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Шайн къам махках даккхар дагалоьцу ГIебарта-Балкхаройчохь

Къам махках даьккхина де дагалоьцу пIераскандийнахь Налчикехь. 1944-чу шеран Зазадоккхучу-беттан 8-чу дийнахь кечамбан 2 сахьт хан а елла, балкхаройн къам дара нохчашна тIаьххье Казазхстанан а, ГIиргIазойчоьнан а кIошташка дIакхачийра. Депортацех ца велира цхьа а: тIеман декъашхой, заьIапхой, тIамехь дакъалоцучийн дай-наной, зударий, доьзал, массо а локхаллин Советан депутаташ, партийн куьйгалхой. Верриг махках ваьккхинарг ву 377 103 стаг.

Radiomarsho.com 

Iамерка тIетаьIна Кадыровна а, Делимхановна а

"Голос Америки" хьостано хаамбарца, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Iарбойн пачхьалкхашкахь латточу активашна тIаьхьабовла дагахь бу Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкахь. Конгрессан векалийн Палатан арахьарчу гIуллакхашкахула йолчу комитето еаридийнахь тIечIагIйина, Оьрсийчоьнан оппозиционер хилла Немцов Борис верах жоьпалла тIедожочу резолюцин проект. Цу тIехь тIедожийна Iарбойн пачхьалкхашкахь Кадыровс латтон активаш схьалалахар.  Нью-Джерсин цIарах конгрессхочо-демократа Малиновский Тома хьехарца... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *