Шемахь Чиллан-беттан 22-чохь вайна Оьрсийчоьнан майор. Иза хьулдина ду
Оьрсийчоьнан тIеман министралло хаам бина хиллачух лаьцна майоран гергарчаьрга. Амма официалан кепара Каримов вайна хиларх лаьцна дуьйцуш дац, яздо Би-би-си-н Оьрсийн сервисо.
Цо билгалдаккхарехь, Украинерчу тIеман эксперто Тымчук Дмитрийс кху беттан 8-чохь хаам бинера Оьрсийчуьра 4 эскархо вийна хилар лаьцна Чиллан-беттан 22-чохь Дейр-эз-Зор провинцехь. Шен Фейсбукехь цо яздинера, Оьрсийчоьнан тIеман министралло къайладаьхьна "шен тIеман дакъош дукха лахара тIеман говзалла йолуш хилар" аьлла.
Тымчука цIе а яьккхинера Оьрсийчоьнан цхьана эпсаран – Омаров аьлла. Цо дIахьединера и стаг Украинехь тIом бина ву аьлла.