Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Март
2019

Новости за 16.03.2019

Radiomarsho.com 

Бепиг дазлур ду Оьрсийчохь

ХIара шо чекхдалале Оьрсийчохь 5-6 процентана дазлур ду бепиг. Цу тайпа хиндерг даладо Оьрсийчоьнан пурнхойн а, мерзачу кхачанийн говзанчийн а гилдино, яздо РИА Новости агенталло. Коьртачу декъана дазлуш дерг ду Iаьржан а, кIайн а кIаш эдина деттина бепиг. Бепиг дазлур хиларан цхьа бахьана ду инфляци.  Оьрсийчоьнан коьртачу банко дийцарехь, 2019-чу шарахь Чиллан-баттахь ахчанан инфляци яра Оьрсийчохь 5,2 процент. Дечкен-баттахь и терахь дара 5 процент.

Radiomarsho.com 

Шемахь Чиллан-беттан 22-чохь вайна Оьрсийчоьнан майор. Иза хьулдина ду

Чиллан-беттан 22-хь Шемахь лар йоцуш вайна Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн майор Каримов Сухроб. Иза а, кхин а маситта эпсар а тIехь волчу машенна кIело йина хилла Дейр-эз-Зор провинцехь. Оьрсийчоьнан тIеман министралло хаам бина хиллачух лаьцна майоран гергарчаьрга. Амма официалан кепара Каримов вайна хиларх лаьцна дуьйцуш дац, яздо Би-би-си-н Оьрсийн сервисо.   Цо билгалдаккхарехь, Украинерчу тIеман эксперто Тымчук Дмитрийс кху беттан 8-чохь хаам бинера Оьрсийчуьра 4 эскархо вийна хилар лаьцна Чиллан-беттан 22-чохь Дейр-эз-Зор провинцехь. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Полицино харцдо Москох нохчий а, оьрсий а латар

Иттех сов стага дакъалоцуш латар хилла "Кунцево-Плаза" махбаран центрехь, аьлла хаам бинера РБК агенталло пIераскандийнахь, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Москох гIалин урхаллан хьастана тIе а тевжаш. "Эхо Москвы" радионо дийцарехь, леттарш бара нохчий а, оьрсий а. Ткъа хIинца чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Москох гIалин урхалло харц бина и хаам. Дийцарехь, нохчийн кIомах болу нах летта аьлла цхьа а хаам бац, яздо "Нохчийчийчоь тахана" сайто. Инцидент хилла аьлла полице хаам бина хилла еарин сарахь мехбаран центран белхахочо. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Шех нийса ца кхетта, боху Ханбиевс

Нохчийчуьрчу парламентан декъашхочо Ханбиев Мохьмада харцдина ша шена оьрсий ца беза аьлла бохург. Цунна хетарехь, иза доьзна ду гочдеш гIалат далийтарца а, ша аьлларг оьрсийн маттахь муьлххачу а агIор кхето аьтто болуш хиларца а. Ханбиевс дийцарехь, тIом беш волуш а цо тIеоьцуш хилла шайн бераш лоьхуш лела оьрсийн наной а, дай а. Ичкерин хиллачу тIеман министро шена ца беза аьлла билаглдаьккхина "Шаманов санна зуламхой болу оьрсий". "Ткъа иШаманов а, Буданов а санна болу зуламхой, дера, суна беза ма ца беза"... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кхеле озош ву шен кертахь патармаш латтийна Веданара вахархо

Веданан кIоштан прокуратуро бехктакхаман гIуллакх долийнера меттигерчу вахархочунна дуьхьал, бакъо а йоцуш, шен хIусамехь хIоъ-молха латторна. И стаг  вуьйцу ву А. Мусбек цIарца. Талламан версица 2010-чу шарахь цунна Дышне-Ведана эвлайистехь 46 патарма карийна хилла. Уьш шен кертахь дIадехкина латтийна хилла цо, полицин белхахошна гучудовллалц. Талламхоша тIечIагIдина А. Мусбек бехке хилар. Цуьнан гIуллfкх къастор ду кхелехь. Цу стага шен кертахь лачкъийна латтош патармаш хилар полисхошна муха хиина дуьйцуш дац.

Radiomarsho.com 

Крайстчёрчехь бусалаба нах байарна кадам бина дуьненерчу лидераша

Дуккха а пачхьалкхийн лидерша кадам а бина, шаьш эргIаддахна хилар а хаийтина Керлачу Зеландехь терроран тIелатар дарна. Цу ирчачу зуламехь кхелхина 49 стаг, иттаннаш бусалбанаш чевнаш хилла бу. ТIелатар дина Крайстчёрч гIаларчу шина маьждигехь. Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Трамп Доналда дIахьедар дина,  хилларг "къемате нах байар" ду аьлла. Кадам беш телеграммаш а яхьийтина, дIахьедарш а дина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира а, Британин премьер-министро Мэй Терезас а, Туркойчоьнан президенто ЭрдохIан Реджепа а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Министро Умаровс кхетийна Ичкерин тIеман министр хиллачу Ханбиевс аьлларг

Навальный а, цуьнан агIончаш а гIорасиз хилла Нохчийн Республикан парламентан депутатан Ханбиев Мохьмадан дешнаш нохчийн маттера оьрсийн матте гочдарехь, дIахьедина Нохчийчоьнан къоман политикехула а, арахьарчу уьйрашкахула а, зорбанан а, хаамийн а министро Умаров Джамболата. "Господин Навальный, хьо а, хьан угIарна тIаьхьара олу нохчийн мотт а буьйцуш хилла (цхьанха Европехь) публика а Iаламат чIогIа яьгна хIинца", - даладо министран дешнаш "Нохчийчоь тахана" хаамийн агенталло. Умаровна хетарехь... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *