Полицино харцдо Москох нохчий а, оьрсий а латар
Ткъа хIинца чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Москох гIалин урхалло харц бина и хаам. Дийцарехь, нохчийн кIомах болу нах летта аьлла цхьа а хаам бац, яздо "Нохчийчийчоь тахана" сайто.
Инцидент хилла аьлла полице хаам бина хилла еарин сарахь мехбаран центран белхахочо. Цо дийцарехь, цу комплексан 4-чу тIегIантехь хиллачу латарехь дакъалоцуш хилла 10-12 стаг. ТIаьхьо уьш берш ураме арабевлла. Цхьана стеган карахь гина тапча.
Сихха "Кунцево-Плаза" кхьачначу полисхошна кхин низам дохийна ларш ца карийна.