Шемарчу даIишхойн тIаьххьара чIагIо схьаяьккхина
Евфрат олучу хинан йистера жима аса бен яц "Исламан пачхьалкхан" долахь йисинарг. Цул совнах, даIишхойх мукъаяьхначу территореш тIехь дIатийна Iаш церан кегий тобанаш ю, цаьргара кхерам хила тарло тIейогIучу хенахь.
Бали Мустафас дIахьедарца, йийсаре лаьцначарлахь бу, Дечкен-баттахь Шеман къилбехьа 16 стаг а вуьйш динчу терактна бехке хетарш а.