Словакин президент хаьржина оппозицин жигархо Чапутова Зузана
Цуьнца Словакин куьйгалхочуьнан дарж къовсуш вара Iедалехь йолчу "Смер" партино гIортор еш волу Еврокомиссин куьйгалхочуьнан когаметта Шефчович Марош. Шефчович хIинцале а толам баккхарца декъалйина шен дуьхьалонча.
Чапутовехьара шен кхаж дIабелла 1 миллион сов харжамхочо. Иза дуьххьарлера зуда ю Словакин президентан даржехь.