Оьрсийчохь 3% нахехь ду 90% хьал
Хьал долчу нехан бахам дебаш бу тIедогIу рицкъ хьалха санна дацахь а. Оьрсийчуьрчу 20 процент бахархойн долахь дацара стохка 6 процент финансийн активаш а, 5 процент карахь лело ахча а бен.
The Wealth Report 2019 цIе йолчу дуьненаюкъарчу талламо гайтарехь, Оьрсийчуьрчу миллионерех кхоалгIа дакъа ду махкара дIадаха лууш. Царах 80 процент миллионераш хIинцале гIулчаш йохуш бу кхечу пачхьалкхан паспорт даккха.