Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Апрель
2019

Новости за 12.04.2019

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь 3% нахехь ду 90% хьал

Оьрсийчохь 3 процент нехан долахь бу 90 процент гергга бахам – ахча а, финансийн акитиваш а, кхин дерг а. Цунах лаьцна яздо "Коммерсант" газето, экономикан лаккхарчу школо а, Внешэкономбанко а далочу терахьашна тIе а тевжаш. Хьал долчу нехан бахам дебаш бу тIедогIу рицкъ хьалха санна дацахь а. Оьрсийчуьрчу 20 процент бахархойн долахь дацара стохка 6 процент финансийн активаш а, 5 процент карахь лело ахча а бен. The Wealth Report 2019 цIе йолчу дуьненаюкъарчу талламо гайтарехь, Оьрсийчуьрчу миллионерех кхоалгIа дакъа ду махкара дIадаха лууш.

Radiomarsho.com 

Ши бIаьрг баьлла Фемида

Садовская Алёна Нальчик гIалин кхелахочо Жигунов Асламбека дов луьстучу чоьнашка ца вуьту Вольный эвлара жигархо Иритов Аслан. Ткъа кхел-м ю шена Иритовна тIехь еш. Болх беш хьийзачу полисхошна тIелатарна бехкево иза. Лурчах гурахь Вольный юьртарчу вежарийн ИртовгIеран – Асланан а, Бесланан а – керта баьхкина полисхой, коьртехь экстремизмца къийсам латточу "Э" центран, полицерчу бехктакхаман декъан куьйгалхой а болуш. Шаьш ИртовгIаьрга официалехь полице кхайкха даьхкина аьлла цара. Олуш-дуьйцуш... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Lada машенаш кхин юхкур яц Европехь

Европехь шен машенаш кхин ца йохка сацам бина Оьрсийчоьнан АвтоВАЗ-о. Цунах лаьцна цу компанин векало хаам бина "Sputnik Германия" телекнале. Болчу хаамца, коьрта бахьана ду Европерчу пачхьалкхашкахь экологица боьзна барамаш лакхара хилар. ТАСС агенталло бинчу хаамца, АвтоВАЗ компани Европерчу рынке юхаян дагахь ю, экологин билламашца йоьгIуш йолу керла машен юкъа а яьккхина. 2018-чу шарахь АвтоВАЗ-о махкал арахьа йоьхкира 38 эзар машен, коьртачу декъана Казахстанехь а, Беларусехь а. 2017-чу... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Тхоьх массарех а олура "Шишани"

Малхбалера тIемаш ДАIИШ эшорца боьрзучу муьрехь дуккха бу цуьнан могIаршкара уьду тIемалой. Царех ву Малхбалера шен даймахка а кхаьчна, дагалецамашка ваьлла Назаров Рустам Iабдул-Ахьад.

Radiomarsho.com 

ФСБ-н харц белхахо чуйоьллина Нохчийчохь

Соьлж-ГIалан Октябран кIоштан кхело жоьпе озийнарг ю Закаева Хеда цIе йолу зуда. Иза бехке лаьрра, харцо а лелийна, вахархочун ахчанца зе дарна, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло. Талламхойн версица, Закаевас 2016-чу шарахь ша ФСБ-н белхахо а ю, ша Оьрсийчоьнан тIеман министраллан эскарехь гIуллакх дан балха дIанисйир а ю аьлла 80 эзар сом эцна хилла шена евзачу зудчуьнгара.   Эххаре а гучудаьлла ФСБ-н харц белхахочо и зуда Iехийна а, кхаъ бала делла ахча цо шен хьашташна доьхкина а хилар. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь 26 стаг вийна некъахьовзамашкахь 2019-чу шарахь

Кху шеран хьалхарчу 3 баттахь, адамаш а дойуш, 15 некъахьовзам хилла Нохчийчохь. Цу бохамашкахь вийна 26 стаг, шайна юкъахь 1 кхиазхо а волуш.    И некъахьовзамаш хилла коьртачу декъана урхалла дечара машенаш чехка хехкар а, хьалха йоьдучу машенна хьалха бовлуш дуьхьал богIучу некъа тIе бовлар а бахьана долуш а.

Radiomarsho.com 

Къаьмнашна юкъа цим таса санна

Итт шо ду Дагестанан Казбековский кIоштарчу наха хьаькамашка аьрзнаш кхоьхьуьйту. Советан Iедало 1962-чу шарахь шайга делла лаьттанаш лело ца дуьту шаьш луларчу Бабаюртан кIоштарчу Львовское-1 эвларчу бахархоша, бохуш, леткъа уьш. Шайна юкъара къовсам цхьалхабаккха, аьлла, рогIерчу гуламе бевлира нах кху деношкахь. "Сан цхьа дехар ду хьоьга, Путин Владимир: Дагестане юха ма даийтахьара ахь сан арз", бохура гуламехь, президентна дIахезар долуш санна, 93 шо долчу Дуьненан шолгIачу тIеман декъашхочо. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Узбекистанан 6 махкахо цIахьажийна Нохчийчуьра

Шелан а, Шелковскойн кIошташкахь талламаш беш Узбекистанера 6 вахархо лаьцна Нохчийчоьнан ницкъаллин структурийн белхахоша. Уьш, бакъо а йоцуш, цхьацца белхаш а беш бехаш хилла Нохчийчохь. Къайлаха баьхкинчу мигрантех хIоранна а 2000 сом барамехь гIуда тоьхна кхело. Суьдан пустоьпаша уьш дIакхачийна Москох "Внуково" аэропорте. Цигара Узбекистанан махкахой цIахьовсийна Ташкенте доьдучу кеманца. Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло далочу терахьашца, хIара 2019-гI шо доладелчхьана нохчийн... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу бахархошна тIедожийна газах декхар дита деза – Кадыров

Хан тIекхаьчна, газах ду бохуш, Нохчийчоьнна тIеяздинчу декхарца доьзна хаттар цхьалхадаккха, аьлла дIахьедар дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Оьрсийчоьно дуккха а пачхьалкхашна дитина шира декхарш, изза дан мегар ду аьлла хета цунна "Газпромо" хьехочу декхарца а. Нохчийчохь тIемаш боьлхуш газан биргIанаш йохийна яра, газ эрна дIаоьхуш яра, ткъа Нохчийчоьнна а, цуьнан халкъана а дина зе дагарлур доцуш алсам ду, боху Кадыровс. Газ дIаяийтина, ткъа иза мича яхана бохург Iедалан гIайгIа бу бахар дукха тIех кӀоргенза тоьшаллаш ду... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *