ФСБ-н харц белхахо чуйоьллина Нохчийчохь
Талламхойн версица, Закаевас 2016-чу шарахь ша ФСБ-н белхахо а ю, ша Оьрсийчоьнан тIеман министраллан эскарехь гIуллакх дан балха дIанисйир а ю аьлла 80 эзар сом эцна хилла шена евзачу зудчуьнгара.
Эххаре а гучудаьлла ФСБ-н харц белхахочо и зуда Iехийна а, кхаъ бала делла ахча цо шен хьашташна доьхкина а хилар.
Иза тидаме эцна, кхело, 6 бутт хан а тоьхна, колоне хьажийна хӀилланча.