Узбекистанан 6 махкахо цIахьажийна Нохчийчуьра
Къайлаха баьхкинчу мигрантех хIоранна а 2000 сом барамехь гIуда тоьхна кхело. Суьдан пустоьпаша уьш дIакхачийна Москох "Внуково" аэропорте. Цигара Узбекистанан махкахой цIахьовсийна Ташкенте доьдучу кеманца.
Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло далочу терахьашца, хIара 2019-гI шо доладелчхьана нохчийн пурстоьпаша республикера аравьккхина мигрантий низам дохош веана кхечу пачхьалкхашкара 22 стаг.