Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Къаьмнашна юкъа цим таса санна

Итт шо ду Дагестанан Казбековский кIоштарчу наха хьаькамашка аьрзнаш кхоьхьуьйту. Советан Iедало 1962-чу шарахь шайга делла лаьттанаш лело ца дуьту шаьш луларчу Бабаюртан кIоштарчу Львовское-1 эвларчу бахархоша, бохуш, леткъа уьш. Шайна юкъара къовсам цхьалхабаккха, аьлла, рогIерчу гуламе бевлира нах кху деношкахь.

"Сан цхьа дехар ду хьоьга, Путин Владимир: Дагестане юха ма даийтахьара ахь сан арз", бохура гуламехь, президентна дIахезар долуш санна, 93 шо долчу Дуьненан шолгIачу тIеман декъашхочо.


"Сан кехат, хьалха а санна, Бабаюьртан кIоштарчу милцочуьнга охьахьажор ду. Мехкан дай а, министраш а гIорасиз болучохь цуьнга хIун далур ду?" – цецвуьйлура воккха стаг.


"Дагестане Москвара векалш а бахкийтий, нийсо яхьара ахь, Путин!" – дийхира цо.


57 шо хьалха шайга делла хилла латта ду Дылым, Ленин-аул, Калинин-аул ярташкарчу бахархоша далхориг.


Советан заманахь Дагестанан шерачу аренийн кIошташна тIеяздора лаьмнашкахь маьрша лаьтта лаьттанаш – царна тIехь шайн даьхний дажадора наха. Хенан йохалла шоръелла оцу дажорашна гонах хилла ярташ – цара къуьйсу "шайн латта" Казбековский кIоштарчу нахаца.


Оцу лаьттанийн хьокъехь дехха дуьйцу гуламхоша: эрзах яьхна, ишалшлахь яра 100 чаккхарма генахь цаьрга 1962-чу шарахь елла меттигаш, нах дагарш, метигаш, белаш, мангалш оьций боьлхура цига, цомгуш хуьлура, пехаш а шелдой, лара.


Заманца тоделира и лаьттанаш: тIехь цIенош дира, дежийлаш дебийра, жоьлаш хIиттийра, хьелийн ферманаш ехкира, тIе дуга дийра.


2010-чу шарахь оцу лаьттанийн долалла листира Iедало. Дагестанан бахаман а, лаьттанийн а министралло 49 шарна оццу Казбековский кIоштанна тIечIагIйира доккхачу декъанна суьйлий беха и меттигаш.


Амма къовсаме баьккхира мохк цунна герга бехачу бухарчу гIумкаша, уггаре хьалха Бабаюьртан кIоштарчу Львовское-1 юьртарчу наха. Дар-дацарш лаьтта тахханалц. Суьйлаша дийцарехь, уьш "ца буьту цанашна мангал тоха, къоланаш до, божалш дагадо бевзаш боцчу зуламхоша".


Царна а, кхарна а юкъахь герзаш а дийлина. Ленин-аулерчу цхьана кIантах заьIапхо вира цкъа лилхинчу кхийсарша. Къонаша динчарна, цIерш летийначарна, герзаш диттинчарна духьал айдира кхо дов, амма къастоза ду хIинца а.







"Дружба" ("ДоттагIалла") цIе лелочу юьртабахаман кооперативан куьйгалхочун гIовсо Битимирзаев Давлетмирзас дийцарехь, иза а, цуьнца болхбен нах а дукха гIиртина меттигерчу бахархошца барт каро, амма аьтто ца баьлла. Къовсаме даьлла латта шаьш дуьтур ду, нагахь санна Iедало Бабаюьртан кIоште цхьа зама хьалха дIаделла шайн латтанаш юхалахь, боху казбековхоша.


Фермерша дийцарехь, массех шо хьалха дов листа йоьлла хилла Дагестанан бахаман а, лаьттанийн а министр Iийна Толстикова Екатерина. Цо айдинчу цхьаьнакхетаршкахь хиллачу бахархоша дагалоьцу хIетахьлера къамелаш, уьш тешна бу, Iедалерчу наха ца дуьту  дов дижа. Политика ю бехке, спикеро Шихсаидов Хизрис а, премьер-министр лаьттинчу Алиев Атайн а "болх" буи за, чIагIдора гуламхоша.


Львовское-1 юьртан куьйгалхочо Ибавов Гусейна дийцира "Кавказ.Реалиина" шена гуш долу хьал. 2010-чу шарахь ша латта казбековхошна тIеяздеш хIоттийна документ Львовское-1 юьртарчу бахархошна ца довзийтина Дагестанан бахаман а, лаьттанийн а министралло, иза цатайна бухарчу наханна.


"Тхан юьртахь 1500 вахархо ву. ТIекхуьучаьрга хIусамаш яйта, царна дала лаьттанаш дац, тхан долахь ши эзар гектар бен ца йисина", элира юьртдас Ибавовс.


Цо дийцарехь, къовсам листа массийттаза гулъелла кхеташонаш. Масала, сан наха шаьш реза ду боху казбековхошка юьртан кхечу агIор лаьтта хотеш дIаяла. Амма Iедало вовшахтухучу хIора а кхеташоно гIуллакх листар дуьллу "тIейогIунйолчу бIаьстене", амма ца бо къастам – цундела "кхехкаш хуьлу адам бIаьсте тIе моссаза кхочу".

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *