Политковскаян гIуллакхехула Закаевн тоьшаллаш дIаделла талламхошка
Ставицкаяс бинчу хаамца, Талламан комитет официалан кепара реза хилла Закаев Британехь леван. И процедура маца хир ю цкъачунна хууш дац.
Закаев Ахьмад Британехь вехаш ву 2003-чу шарахь шена политикан тховкIело елччхьана дуьйна. Хьалхо Политковская ер хьокъехь толлучу бехктакхаман гIуллакхехула чувоьллина волчу милцо хиллачу Павлюченков Дмитрийс тоьшалла динера, Закаев Ахьмад а, бизнесхо Березовский Борис а вара и зулам дан кост делларг аьлла.
Нохчийчохь адамийн бакъонаш йохор толлуш хиларца евзаш йолу "Новая газетан" журналист Политковская Анна йийр Москох 2006-чу шарахь ГIадужу-баттахь.
Павлюченков воцург и зулам дарна чувоьллира Гайтукаев Лом-Iела а, милицин белхахо хилла Хаджикурбанов Сергей а, МахумудовгIар Рустам а, ИбрехIим а, Джабраил а. Гайтукаев тIаьхьо велира колонехь.
Журналист ен кост динарг къастийна вац.