Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Апрель
2019

Новости за 24.04.2019

Radiomarsho.com 

Кхел йина 37 стаг вийна СаIудийн пачхьалкхехь

СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхехь кхелаша бехке вина 37 стаг вийна шинарин дийнахь, Оханан-беттан 23-хь. Цунах лаьцна хаам бо CNN телекомпанино, СаIудийн чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан тIе а тевжаш. Кхеле озийнарш бехке бина "динан бух тIехь девнаш кхоллар Iалашонца эксремистийн терроран идеологеш яржорна" а, ткъа иштта "терроран тобанаш кхолла гIортарна" а, аьлла ду Iедалша бинчу официалан хаамехь. Дийцарехь, кхелан сацамаш кхочуш бина мехкан тайп-тайпанчу регионашкахь. Байинчарна юкъахь ву лаххара а 33 шиIат. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Дронашка болх байта бакъо елла Iамеркан Iедалша

Iамеркан некъахойн авиацин урхалло (FAA) Wing Aviation компанина бакъо елла, махкахь дронашца (тIехь пилоташ боцучу беркеманашца) цхьацца хIуманаш дIасакхехьа. Iамеркехь дуьххьарлера цу тайпа сертификат ю иза. Wing Aviation дакъа ду Google корпорацин. Дуьххьарлера хIуманаш дIасакхехьа йолор ю дронашца Вирджиния штатерчу шина гIалахь, Wing Aviation компанино меттигерчу Iедалшца барт бинчул тIаьхьа.  2014-чу шарахь дуьйна, керла гIуллакх зуьйш, Австралехь Wing Aviation компанино дронашца дIасакхоьхьуш ю кофе а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Шри-Ланкехь динчу лелхийтарийн жоьпалла даIиша шена тIелаьцна

"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн декъашхоша видео яржийна, 8 стага цуьнан хьалханчана Абу-Бакр аль-Багдадина байIат деш. Де хьалха радикалаша шайна тIеийцира, 300 сов стаг а вуьйш, Шри-Ланкехь дина лелхийтарш.

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчоьно дIалур бац Маьтлоам

ГIалгIайчоьнан Джейрахан кIоштан а, бахаман а латтанашна терго ярехула министраллан а куьйгалхой дагахь бац Маьтлоам Къиласеда ХIирийчоьнна дIабала, хаам бо «Обзор» хаамийн ресурсо. И лам бу ГIалгIайчоьнан Пригородни кIоштан дозанца. Цуьнан сурт ду ГIалгIайчоьнан а, ткъа иштта Буру-гIалан а гербашна тIехь. ГIалгIайчоьнан бахаман а латтанашна терго ярехула а министраллан векло Плиев Мусас дIахьедар дарца, Маьтлоам Къилбаседа ХIирийчоьнна дIабала мегаш бу бохург эладиташ ду. И лам ГУП (пачхьалкхан... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Царнаев санна зуламхойн а бакъо хила еза кхаж таса, боху сенаторо Сандерса

Демократин партин цIарх президентан харжамашкахь дакъалаца лаам болчу Вермонт штатерчу сенаторо Сандерс Бернис дIахьедар дина, Iамеркехь харжамашкахь кхаж таса бакъо хила еза массера а, шайна юкъахь террорца доьзна зуламаш динарш а болуш аьлла. Цунах лаьцна хаам бо NBC News. Чубохкинчу наха харжамашкахь кхаш тасарх лаьцначу хаттарехула шена хетарг алар дийхира Сандерсе, Бостонерчу марафонехь терроран тIелатар дарна вен кхел кхайкхийна карарчу хенахь луьрча хьелашкахь набахтехь латто Царнаев ЖовхIар масална а валош. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Политковскаян гIуллакхехула Закаевн тоьшаллаш дIаделла талламхошка

Политковская Аннин доьзалан адвокаташа талламхошка дIаделла нохчийн политико Закаев Ахьмада "Новая газетан" журналист ер хьокъехь дина тоьшаллаш. Адвокато Ставицкая Аннас "Интерфаксе" дийцина ма хиллара, стокха гурахь Лондонехь Закаевс тешош дагара хаийтина, ша хIунда вацара Политковская ен еза аьлла хеташ бохург. Ставицкаяс бинчу хаамца, Талламан комитет официалан кепара реза хилла Закаев Британехь леван. И процедура маца хир ю цкъачунна хууш дац. Закаев Ахьмад Британехь вехаш ву 2003-чу шарахь шена политикан тховкIело елччхьана дуьйна. Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *