Нохчийчуьра яхархо лаьцна "Чермен" постехь
Царна юкъахь йолу 32 шо долу нохчийн зуда, чIагIдарехь, федералан лехамехь йолу. Болчу хаамца, цунна бехке дуьллуш ду сутараллица доьзна нах Ӏехор.
Сацийна зуда дIахьажийна ХIирийчуьрчу Пригородни кIоштан полицин декъе, хаам бо чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Къилбаседа Кавказехула урхаллан зорбанан сервисо.