Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Май
2019

Новости за 25.05.2019

Radiomarsho.com 

Украинин хIордахой дIахецар тIедожийна Оьрсийчоьнна дуьненаюкъарчу трибунало

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан хIордан низамехула йолчу дуьненаюкъарчу трибунало тIедожийна Оьрсийчоьнна, 2018-чу шеран Лахьанан-баттахь ГIирман бердана гергахь лецна Украинин хIордахой маьршабахар. Цунах лаьцна хаам бо "Украинская правда" газетан корреспонденто цу кхелан кхеташонера. Оьрсийчоь хьалхо реза ца хилира дакъалаца цу кхелехь. Москохна цу трибуналан юрисдикци яц аьлла хета Керчан хидоькъелехь хилла и инцидент къасто. Трибуналан сацамна латкъам бан аьтто бу Оьрсийчоьнан... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кхин а лахделла Путинах бахархой тешар  - ВЦИОМ

Президенте Путин Владимире тешам хилар кхин а лахделла Оьрсийчуьрчу бахархошна юкъахь. ХIинца цуьнан терахь ду 31.7 процент. Иштта жамI ду Оьрсийчоьнан юкъараллана хетарг толлучу центро (ВЦИОМ) бинчу талламан. Иза уггар лахара гайтам бу цу тайпа талламаш болийчхьана. Путине болу тешам бовш бу пенсе воьду хан тIетоьхначул тIаьхьа дуьйна. 2018-чу шарахь Стигалкъекъа-баттахь цу тайппачу талламо гайтарехь Путинна гIортор еш бара 47,4 процент респонденташ. Президенте болу тешам лахлуш бу стохка аьхка дуьйна. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра яхархо лаьцна "Чермен" постехь

Оьрсийчоьнан Iедалша лехамашка елла хилла Нохчийчуьра яхархо лаьцна "Чермен" постехь. Цигахь лаьттачу Оьрсийчуьра бахкийтинчу полисхоша автобус а сацийна талламаш бина цу чохь болчу некъахошна. Царна юкъахь йолу 32 шо долу нохчийн зуда, чIагIдарехь, федералан лехамехь йолу. Болчу хаамца, цунна бехке дуьллуш ду сутараллица доьзна нах Ӏехор. Сацийна зуда дIахьажийна ХIирийчуьрчу Пригородни кIоштан полицин декъе, хаам бо чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Къилбаседа Кавказехула урхаллан зорбанан сервисо.

Radiomarsho.com 

ХIинжа-гIалара Бакох лелар ю "буьйсанан экспресс"

ХIинжа-гIалара Бакох лелар ю "буьйсанан экспресс" цIерпошт. Цунах лаьцна хаам бина Дагестанан куьйгалхочуьнца хиллачу цхьаьнакхетарехь Къилбаседа Кавказерчу аьчкан некъийн хьаькамо Пястолов Владимира. Цо дийцарехь, Азербайджанан коьртачу гIала керла маршрут болх бан йолалур ю кхушара гурахь. Пясталовс билгалдаккхарехь, ерриг а вуьжу вагонаш (СВ) керла а хир ю, аьхна а хир ю.

Radiomarsho.com 

Даудовс цецваларца тIеэцна ша Нохчийчоьнан куьйгалхо хIотто мегаш ву бохург

Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада комментари йина Кадыров Рамзан даржехь лакхаваккха, ткъа ша цуьнан метта республикан куьйгалхо хIотто мегаш ву аьлла пIераскана дийнахь цхьамогIа зорбанан гIирсаша баржийначу хаамна. "Нохчийчоьнан Республикан куьйгалхо шен меттехь ву, вуно жоьпаллица Оьрсийчоьнан президенто а, халкъо а шена тIедехкина декхарш кхочуш деш а ву. Со, тешаме белхан накъост, Рамзан Ахматовичан ваша, берриг а ницкъ а, хаарш а, зеделларг а дIалуш кхочуш деш ву цо сох тешийнарг а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Марха досту денца доьзна мукъа денош кхайкхийна Нохчийчохь

ТIебогIучу Мангалан-беттан 4,5,6-гIа мукъа денош кхайкхийна Нохчийчохь, Мархийн бутт чекхбаларца доьзна. Цу хькъехь указ арахецна, Кадыров Рамзана садоIучу юкъана, республикан куьйгалхочун декхарш кхочуш дечу Хучиев Муслима. И сацам бина Хучиевс, Нохчийчоьнан муфтиятан дехарца, динех лаьцначу Оьрсийчоьнан федералан низамна ("О свободе совести и о религиозных объединениях") тIе а тевжаш.

Radiomarsho.com 

Кадыров: Со сайн халкъан ялхо ву

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана "цахилларг" ду аьлла, шен долчуьнан метта Оьрсийчоьнан министрийн кабинетехь дарж лур ду бохург. Оццу хенахь, цо ган а гуш, харц ца деш дитина ша Нохчийчоьнан куьйгалхочун дарж дарж хийца мега бохург. "Суна, олуш ма хиллара, рогIера зуда ялийна. Со а воцуш! Со лакхавоккхуш ву, карьеран ламина тIехула. Цхьаьнаметта Къилбаседа Кавказан федералан гонан векалан а, Оьрсийчоьнан вице-премьеран а даржашка хIоттош ву со", - яздина Кадыровс Telegram каналехь пIерасканан сарахь. Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *