Даудовс цецваларца тIеэцна ша Нохчийчоьнан куьйгалхо хIотто мегаш ву бохург
"Нохчийчоьнан Республикан куьйгалхо шен меттехь ву, вуно жоьпаллица Оьрсийчоьнан президенто а, халкъо а шена тIедехкина декхарш кхочуш деш а ву. Со, тешаме белхан накъост, Рамзан Ахматовичан ваша, берриг а ницкъ а, хаарш а, зеделларг а дIалуш кхочуш деш ву цо сох тешийнарг а, сайна тIедиллинарг а", - яздина Даудовс шен социалан машанан агIонехь, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло.