Украинин хIордахой дIахецар тIедожийна Оьрсийчоьнна дуьненаюкъарчу трибунало
Оьрсийчоь хьалхо реза ца хилира дакъалаца цу кхелехь. Москохна цу трибуналан юрисдикци яц аьлла хета Керчан хидоькъелехь хилла и инцидент къасто.
Трибуналан сацамна латкъам бан аьтто бу Оьрсийчоьнан Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Апелляцин трибуналехь.
Стохка Лахьанан-беттан 25-чохь Оьрсийчоьнан дозанхоша лаьцна Украинин 24 хIордахо латтош ву Москох талламан изоляторехь.
Киевна хилларг агрессин акт хета. Ураинин позицина тIехIоьттина Iамерка а, НАТО а, Евробарт а.