ГIурбан денна лерина Iарбойн Эмираташкахь маьршавоккхур ву эзар гергга тутмакх
ТIедогIучу дезачу ГIурбан денца а дузуш, Цхьанатоьхначу Iаьрбийн эмираташна (ОАЭ) юкъайогIучу кеп-кпарчу эмиратийн урхалхоша гечдина цхьа эзар сов тутмакхна, хаамбо эмиратан WAM агенталло. Дубайхь набахтера аравоккхур ву тайп-тайпанчу къомах схьаваьлла 430 тутмакх, Шарджехь маьршавоккху 400 стаг. Рас-эль-Хайма эмиратехь набахтера аравер ву кхин а 208 тутмакх, ткъа Аджманехь гечдина 70 тутмакхна. Хьалхо хааме даьккхира, Iийд ал-Адхьан денна лерина ОАЭ-н президенто, шейха Аль Нахайян Халифа без Заида 669 тутмакхна гечдина аьлла. Читать дальше...