Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Август
2019

Новости за 30.08.2019

Radiomarsho.com 

Bellingcat: Хангошвили вийначунна ФСБ-но аьтто бина дозанах чекхвала, тешна а

Bellingcat тобано The Insider а, Der Spiegel а газеташца цхьаьна теллина Хангошвили Зеламха верца доьзна лаьцна стаг мила ву. Цунна Германе вале массех де хьалха делла паспорт. Берлине кхаьчна иза кехаташца 1970 шарахь вина "Соколов Вадим Андревич" а волуш. Амма Оьрсийчоьнан паспортийн базехь вац ишта цIе йолу стаг. Керла паспорт яздина воцуш волчу стеган цIарх – оцо гойту иза пачхьалкхан Iалашо эцна араваьлла хилар, боху таллам дIабаьхьначу кхаа хьасто. И стаг, тешна а, ваьлла дозанах чекх ФСБ-н гIоьнца. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Хасу-Юртахь бинчу берто сацийра "Хьалхара тIом"

1996-чу шеран Марсхьокху-беттан 31-чу дийнахь самалхадаьлла вара, тIамо вуно дукха гIело йина велахь а, хIора нохчо. Хасу-Юртахь куьйгалхоша хIоттийра Барт. Дахар дикане дирзи, кхидIа мохк чIагIбойла, хазбойла хир ду къоман, аьлла хетара массарна а....

Radiomarsho.com 

Ал-БагIдадина байIат дарна - набахте

Къилбаседа Кавказан Ростоврчу тIеман кхело 10 шо хан тоьхна набахтехь яккха Ставрополерчу Сапрыкин Никитина, боху "Рамблер" агенталло. 2017-чу шарахь, шен 19 шо долуш, Дагестанехь эскаре гIуллакх дан вигинчу Сапрыкина бусалба дин тIеэцна. Ткъа кхушеран Iай Благодарное гIалахь байIат дина Малхбалерчу ДАIИШ-ан амирна ал-БагIдадина. Аьлча а, цхьана шена интернетехула вевзинчу Iаьрбичуьнга смартфонехула дIахьажийна хилла цо байIат деш видеофайл. Иштта ваьлла, боху, Сапрыкин ДАIИШ-ан могIаршка, кийча... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Мехкан денна кечлуш ю Нальчик

ГIебарта-Балкхаройчоьно зезагех юзуш ю шайн шахьар Нальчик. Къилбаседа Кавказехь дуьххьарлера Зезагийн Гайтам хир бу цигахь тIекхочучу шоьтадийнахь – махко Конституци тIеэцна де даздеш. Ишта хаам баржийна REGNUM агенталло. Махкарчу а, тIебаьхкинчу а нахана лерина майданашкахь дIахьор ю концерташ, спектаклаш. Ткъа массо а барамийн коьртехь хир бу зезагийн гайтамаш – даздаршка бахка кечлуш бу Оьрсийчуьрчу регионашкара тоьлла флористаш.

Radiomarsho.com 

"Нохчийчоьнан, Дагестанан доттагIаллин кхеташо" кхуллуш бу жигархой

Еарийдийнахь вовшахкхеттачу Дагестанерчу юкъараллийн декъашхоша дIахьедина, эгIийта йиш яц шайн махкарчу къаьмнийнний, нохчийнний вежаралла, аьлла. Жигархошна бахарехь, Iора а бохуш, емалбан беза къаьмнашна юкъа цим туьйсу нах, дерриг а дан деза бIешерашкахь лелла шина мехкан гергарло эшаме ца дигийта. Юкъархойх цхьамма, Хадулаев Шемала, дIахьедира, "нохчий а, дагестанхой а эгIон Iалашо а йолуш, леррина бан болийна болх бу шина а агIонна дуьхьал". Хадулаевс дехардина луларчу шина мехкан бахархошка... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Лакхарчу кхело а бакъвина Хасаев Мовсар

Екатеринбургехь бизнесхо Аратюнов Ашот вийна аьлла, Веданара дIа а вигина, оцу гIалахь кхела хьалха хIоттийра Хасаев Мовсар. Амма харцбира кхело талламчаш, таIзарх хьалхаваьккхира нохчо. Делахь а, кхелхинчун гергарнаш реза ца хилира оцу сацамца – лакхаделира дов. Хасаев Мовсаран гергарчара а, юьртхоша а чIагIдора, иза стаг вуьйчу мурехь хьовха, шен дахарехь цкъа а хилла вац Екатеринбургехь бохуш. Тахана Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело теллина АрутюновгIара дина хилла арз, тIечIагIбина Сверловскерчу кхелан сацам.

Radiomarsho.com 

Дагестанехь некъахьовзамехь 58 шо долу зуда елла

Федералан "Аштаркхне-ХIинжа-ГIала" некъан 399-чу чаккхармехь хиллачу некъахьовзамехь елла зуда, хаамбо "Регион online" портало. 64 шо кхаьчначу хIинжагIалахочун Škoda шен йоцчу асантIе а яьлла,  дIакхетта дуьхьал йогIучу шина ВАЗ-2110 машенех. "Цхьана Жигули чуьра 58 шо долу зуда елла, дарбанцIийне дIакхачале, машенан да, лазийна, Бабаюьртарчу лоьрашна тIекхачийна", - яздо Дагестанан некъан полицин пресс-гIоьнчалло.




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *