Бисултанов Апти. Ас хьан чIабанех гIайгIа юцур ю...
Бисултанов Апти *** Ас хьан чIабанех гIайгIа юцур ю, КIайчу говрана туьйра дуьйцур ду, Гуьйре тийжачу нохчийн аренгахь Дашо гIаргIулеш новкъа йохур ю. Ас хьан бIаьрхихцхьа илли доккхур ду, Юьртан йисттехь цхьа ирзу доккхур ду, Муьрг цIийх Iеначу нохчийн хьаннашкахь Дуьне къинтIера сайна доккхур ду. Ас хьан бIарлагIех гIала юттур ю, Хилларш, лайнадерш сица луьстур ду, Iаьно къарйинчу нохчийн ярташкахь Цхьа-цхьаъдахарнадуьхьал хIуттур ву. Хаза хилла хьо, кхин а хазлур ю, Цхьалла лайна со къинойх цIанлур ву... Читать дальше...