КадыровгIарех ву "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин тобанехула Пачхьалкхан Думе вахийта кечвийриг
Нохчийчоьнан куьйгалхочун маьхчин воI Кадыров Хас-Мохьмад Пачхьалкхан Думе депутат ваха лерина ву. И хаам баржийначу "Открытые медиа" портало бахарехь, "Цхьааллин Оьрсийчоь" тобан декъахь Думе боьлхурш къасточу партин праймеризехь дакъалаца лаам болуш, кехаташ чуделла цо. Хас-Мохьмадан 30 шо ду. Чиллан-баттахь ханна Соьлжа-ГIалин мэран дарже хIоттийна иза. Кадыров Рамзанан рогIера цIийнан стаг даржашкахь кхиа волавелира шен 27 шо долуш, 2017-чу шарахь мехкан коьрта шахьарахь полицин куьйгалле хIоттарца. Читать дальше...