ГIалгIайчуьрчу вахархочунна тховкIело яла дуьхьал ю Украина
Адвокато Лапин Александра бахарехь, процессан декъашхошна керла хIумма а дацара миграцин хьукмате СБУ-н куьйгалло дахьийтинчу кехат тIехь. 2017-чу шарахь а даийтира цара Мейриевна мухIажиран статус ма ло аьлла, изза кехат. "Терахьаш хийцар доцург кхи керла дош дацара цу кехат тIехь", - аьлла юристо "Кавказ.Реалии" портале.
ГIалгIайчуьрчу вахархочо лаьцна хиллачу петар чохь Къилбаседа Кавказера тоба дIалаьцна хилар а, цаьргара тапча яьккхина хилар а карладаьккхинера цу кехат тIехь. Лапина чIагIдо, оцу хIусамехь Мейриев вехаш хилла ца хилар а, цунна бехкаш дехкина цахилар а.
Административан кхело юха а луьстур ду Мейриевн гIуллакх карабогIучу баттахь.
Яхначу аьхка тховкIело яла шолгIа дуьхьало йина 34 шо долчу Мейриев Русланна Украинерчу миграцин урхалло. 2012-чу шарахь Оьрсийчуьра аравелира Мейриев, ткъа 2013-чу шарахь дуьйна украинхойн зуда а йолуш, Украинехь веха иза.
Оьрсийчуьрчу къайлахчу сервисаша 2015-чу шарахь бехкзуламан гIуллакх долийра цунна дуьхьал. Террорхойн организацехь дакъалаьцна ву аьлла, шеконашкахь латтош ву иза.