Нохчийн латархо Эдилов UFC юкъарваьлла
UFC-хь кхиамаш баха таро ца хилира нохчийн спортхочун иза лазорна а, 2016-чу шарахь допинг-тестех чекх ца валарна а.
Fight Time хьостано дийцарехь, билггал информаци яц, Эдилов юкъарваьккхина, йа шен лаамехь контаркт хадийна цо.
Ишта хууш дац, Iамерко Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонна дуьхьалъяьхна керла санкцеш бахьана долуш хедийний а юкъаметтигаш.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан кхаа кIентан тренер вара Эдилов Iабдул-Керим.