Ставрополера яхархо бехкейина гIаттамхошца хилла ю аьлла
Бакъо йоцуш герзашца вовшахтоьхначу тобанхошлахь дакъалацарна а, террорхойн юкъараллехь гIуллакх дарна а Ростов-ГIаларчу Къилбан гонашкарчу тIеман кхело Ставрополерчу яхархочунна Гардалоева Разетана бехк тIехь а буьтуш, пхи шо хан кхайкхийна цунна. Бехкбиллархойн версица, 2015-чу шарахь Гарадалоева шен хIусамдеца Шема яхана хилла, цигахь "Джейш-аль-Мухаджирин валь-Ансар" тобанах дIа а кхеташ, Товбеца-баттера ГIадужу-батте кхаччалц тIемалошна гIо латтийна цо – кхача кечбеш, цIано латтош, церан барзакъ дуьттуш... Читать дальше...