Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Нохчийчуьра кхел йина ЛГБТ-жимстаг дуьйцуш бахьана а доцуш карцер чохь латтош ву

Краснодаран кIоштарчу Ахтарский эвлахь номер 11 йолчу колонин карцерехь Нохчийчуьра ЛГБТ-жимстаг Исаев Исмаил латтон 19 де а ду. Билгалъяккхазчу ханна, дуьйцуш бахьана а доцуш, ШИЗО хьажийна иза.


СК SOS кризисан тобано бечу хаамца, юьхьанца Исаев карцер чувоьллира 15 дей-буьйсий хан а тоьхна, цунна хан тоьхначу Iедалан къепеца "магош" ду аьлла. Марсхьокху-беттан 6-чохь араваьккхира иза, цул тIаьхьа оцу сохьта юха а цу чу кхачийра, мел хан яккха деза а ца хоуьйтуш.


Цуьнца цхьаьна кхел йина цуьнан ваша Магамадов Салехь стенгахь ву хIинца а хууш дац. "Владимирский централ" олучу номер 2 йолчу набахтера "дIавайна" иза – Товбеца-беттан 15-чуьра дуьйна адвокаташ цунна тIебуьтуш бац, ца хоуьйту царна Магамадов волу меттиг а, Товбеца-беттан 25-чохь кехат цуьнан шен кара даларх хаам кхаьчнашшехь.


СК SOS кризисан тобанца юкъахь болх бечу адвокаташа Товбеца-беттан 27-чохь кассацин арз чуделира вежарийн гIуллакхехула.



Нохчийчуьрчу ТIехьа-Мартанан кхело бехкевеш сацамбира 20 шо долчу Магамадовн а, 18 шо долчу Исаевн а хьокъехь Чиллан-беттан 22-чохь. Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело апелляцин кхелехь листира иза Стигалкъекъа-беттан 11-чохь, амма хийцам боцуш битира. ТIемалошна гIо дина аьлла, бехкаш дехкира цу шинна. Магамадовна бархI шо тоьхна, Исаевна – ялх шо.
Магамадов а, Исаев а къар ца ло, шаьшиъ цхьана а хIуманна бехке вац бохуш. Адвокаташа тергалдо бехке хиларх тоьшалла дина цахилар а, кхел йоьдучу заманчохь низамаш дуккхаза дохийна хилар а, царна хета, вежаршна тIаьхьабовлар церан сексуалан ориентацица а, гендеран идентификаллица а доьзна хилар (цу шиннах цхьаъ гей ву, важа гендере дехьавала дагахь хиллера), иштта Нохчийчуьрчу Iедална оппозицехь йолу телеграм-канал лелор.
2021-чу шеран Чиллан-баттахь Магамадов а, Исаев а лачкъийра Нижний Новгородерчу кризисан хIусамера, и шиъ Нохчийчу дIавигира. 202I-чу шеран Марсхьокху-баттахь цара дIахьедира, шайна йетта, бехкаш тIелаца бохуш. Царна тIехь къизаллаш лелорах бехктакхаман гIуллакх доло реза ца хилира Нохчийчуьра Талламан комитетан урхалла. 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *