Новочеркасскерчу лоьрийн доьшийлера студенташ хиджаб лелорна дIабаьхна
Ростовн махкарчу Новочеркасскерчу лоьрийн доьшийлера пхи студент дIаьйаьккхина хиджаб лелорна. Лор-йишин гIуллакх Iамош хилла уьш цигахь. Колледжан директоран гIовсо Кострова Людмилас куьгйаздинчу дIаваккхаран кехатехь дуьйцу, чоьхьара низамаш дохорна бина ишта сацам бохуш. Цо боху, хьукматехь динан билгалонаш лело магийна дац, хIунда аьлча, "кхечу дешархошна зуламе Iаткъам бо цара". "Хиджаб – иза динан билгало йац, лоьрийн куйна кIелахь гуш дац ала мегар долуш йовлакх ду", – боху студентийн адвоката Нурбагомедов Мохьмада. Читать дальше...