Нохчийчуьра ЛГБТ-декъашхо лачкъорах гIуллакх долон дуьхьал хилар доьазза йухадаьккхина прокуратуро
Нохчийчохь вехаш хилла волу ЛГБТ-н декъашхо Селимханов ИбрахIим лачкъорна тIехула бехктакхаман гIуллакх ма доладе аьлла Талламан комитето бина сацам доьалгIа йухабаьккхина прокуратуро. Цунах лаьцна дийцина СК SOS кризисан тобано. Талламхоша бинчу сацамна рогIера латкъам хьажийнера бакъоларйархоша. Селимханов Дагестанехь вина ву, амма массо хенахь Нохчийчохь ваьхна ву. Гергарчара цуьнан сексуалан хьежамаш тIе ца лацар бахьана долуш доьзалера ведира иза. 2021-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Селимханов Ибрах1им Москварчу метрона уллохь лачкъийра ... Читать дальше...