"Исламан пачхьалкхаца" уьйр йу аьлла Гуьржийчохь дIалаьцна ПIаьнказан вахархо
Гуьржийчоьнан кхерамзаллин урхалло дIалаьцна ПIаьнказан вахархо Паксашвили Малхаз. Иза бехке лоруш ву "Исламан пачхьалкхе" цIе лелочу дуьненайукъарчу террористийн тобанехь хиларна. Наибан даржехь (куьйгалхочун гIоьнча) волуш. ДIалаьцначо и бехк шена тIелоцуш бац. Официалерчу хаамашца, Паксашвили 2013-чу шарахь Шема пачхьалкхе воьду аьлла араваьлла, цигарчу тIамехь цо жигара дакъалаьцна. Цуьнга дIакховдийна бехк Гуьржийчоьнан бехкзуламан кодексан террористийн цхьаьнакхетаршкахь дакъалацар артиклаца богIуш бу. Читать дальше...