Кадыровн кIанта йуьхьйоху кхиазхойн
17-шо долу Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIанта шен нийсархочуьнгара бехкаш даьхна, бакъо йоцуш машен лелорна. Цул совнах, ша 17-шо долу Кадыров Ахьмад а, цуьнан жимахболу вежарий а дукхазза гина машенаш хоьхкуш.
17-шо долу Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIанта шен нийсархочуьнгара бехкаш даьхна, бакъо йоцуш машен лелорна. Цул совнах, ша 17-шо долу Кадыров Ахьмад а, цуьнан жимахболу вежарий а дукхазза гина машенаш хоьхкуш.
Соьлжа-ГIалара Висаитовн кIоштан кхело бехкевина меттигера Джамбетов фамили йолу вахархо экстремистийн материалаш зорбане йахарна – Ичкерин бардан Муцураев Тимуран "12 эзар муджахIид" цIе йолу илли зорбане даькхинера цо. Кхело мел а кIеда таIзар дина цунна эзар сом гIуда тохарца. Протоколехь билгалдаккхарца, 2023-чу шеран зазадокху-баттахь Джамбетовс ватсапера тобанехь даржийра илли. Калининградан кIоштан Гусевн кхело 2017-чу шарахь экстремистинй илли лерира и шен сацамца, 4594 номерца юстицин... Читать дальше...
Нохчийчохь полисхочунна тIелетта аьлла, бехкейен Мусаева Зарема дарбанан цIийне кхачийна. Хьалхо кхелахочо дуьхьало йинера нохчийн жигархойн ЯнгулбаевгIеран Абубакаран а, ИбрехIиман а, Байсануран а ненан могушалла зен – цуьнан шеконаш йацара лаьцначун хьолах. Мусаева дарбанан хIусаме йигарх хаамбира Янгулбаев Абубакара. Цо дагадаийтира, шен нана СИЗО-хь латточу цхьана шарахь эхашарахь а цуьнан могушалла эшна хиларх – шолгIачу барамехь йолу диабет йоцург а, бIаьрса гIелделла догIу цуьнан, букъца лазар а тIетаьIна. Читать дальше...