Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Июнь
2023
2
3
4
7
9
10
11
17
18
23
24
25

Новости за 15.06.2023

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу мухIажарна тховкIело йелла Хорватехь, цуьнан ши махкахо дIахецна мигрантийн лагерера

Хорватерчу депортацин легерера дIахецна волчу Нохчийчуьрчу мухIажарна тховкIело йелла. Динан экстремизмана бехкевеш хилла волу цуьнан кхин а ши махкахо маьршаваьккхина, дуьйцу Кавказ.Реалиин сайте "Европерчу нохчийн Ассамблейн" векало Дадуев Iийсас. "Цара массара а хьалхо мацалла кхайкхийнера, лагеран белхахоша шайца къизаллаш лелорах латкъамаш бинера. Цхьа бух боцуш экстремизмана тIехула шеконашка лаьцна оцу лагере низам хадош хьажийна хиларх а дIахьедора цара", - дийцира къамелдинчо.  ТховкIело... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу прокуроро пхи шо ахшо хан тохар тIедожийна Мусаева Заремина

Нохчийчохь прокуроро пхи шо ахшо хан тоьха аьлла оппозицин активистийн ЯнгулбаевгIеран нанна Мусаева Заремина – иза хьалхо кадыровхоша лачкъийнера. Хьарамлонаш лелорна а, полицин белхахочунна ницкъбарна а бехкейо иза, бакъоларйархоша политикан тутмакх лаьрра Мусаева.  Мангал-беттан 15-хь хиллачу кхелан кхеташонехь прокуроро дIахьедира, хьарамлонаш лелорна тIехула долу гIуллак йуха долон деза аьлла. Керла материалаш йу аьлла бух балийра цо: дийцарехь, 2017-чу шарахь Соьлжа-ГIала а йеана, талламхоша бахарехь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Иттаннашкахь миллионаш дайъина Нохчийчоьно а, Краснодаран, Астраханан мехкаша а ПМЭФ-2023 йукъахь дакъалоцуш

Нохчийчоьно а, Краснодаран, Астраханан мехкаша иттанашкахь миллионаш дайъина Оьрсийчоьнан куьйгалло дIахьочу Петербургера къаьмнашнайукъарчу экономикин форумехь (ПМЭФ) дакъалоцуш. Цу барамашкахь гайтира пачхьалкхан йерриге субъекташ - цхьайолчу къилбехьарчу регионаша форумехь дакъолоцуш йина харжаш пачхьалкхан сайтехь карийра Кавказ.Реалии сайтана. Кубанерчу бюджетера ПМЭФ гайтамашкахь дакъалоцуш дайъина 88 миллион сом - стигалкъекъа-баттахь цаьрца болх бан тендер йаьккхира "Четыре вида" цIе йолчу Москвана уллорчу гIаларчу компанино. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Мангал-беттан 14-гIа де Буденновскехь Басаев Шемалан тобано закъалтхой лийцина де ду

Мангал-беттан 14-хь Ставропол-махкарчу Буденновск гIалина динчу тIелатаран волайнхой дагабохкуьйту. 1995-чу шарахь цу дийнахь ичкерихойн буьйранчин Басаев Шемалан тоба тIелетира низамхойн белхалошна, цара цигахь закъалтхой лецира, уьш меттигерчу лазартнехь дIагулбира. ТIелеттачара сихонца Нохчийчуьра тIом сацабе, цигара оьрсийн эскарш арадаха аьлла, дIахьедира. Цул тIаьхьа кхо де даьлча, мангал-беттан 17-хь, шайга лазартне схьа ца йаккхайелча, тобанхошца дийца буьйлабелира. Премьер-министр Черномырдин Виктор цхьадолчунна резахилира. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Доьзалехь ницкъбарх йеддачул тIаьхьа Нохчийчу дIайигина йолу йоI карош йац адвокаташна

Доьзалехь ницкъбарх йада гIоьртина йолу 20 шо долу Нохчийчуьра йахархо Исмаилова Селима карош йац адвокаташна. Ши де хьалха Iуьйранна Москвара Нохчийчу дIайигира иза цигарчу ницкъахоша – цо хIума лачкъийна аьлла гергарчу наха чуделлачу орзах бахьана дина. Цунах лаьцна дуьйцу "СК SOS" кризисан тобано, SOTA телеграм-канало, иштта Собчак Ксениян "Кровавая барыня" цIе йолчу канало а, Исмаиловин адвокатна Тюняева Анастасияна а, доьзалехь ницкъбарх зен хиллачу наханна гIо деш йолчу Центран белхахочунна Русова Софьяна тIе а тевжаш. Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *