Нохчийчохь байначеран доьзалшна 1.6 миллион евро далар тIедожийна Европерчу кхело
Болчу хаамца, берриг а и нах лар йоцуш байна Нохчийчохь 2-гIа тIом боьдуш, Оьрсийчоьнан ницкъаллин структураша Iуналла дечу территори тIехь тIеман барзакъ доьхна герзаца хиллачу наха лецна дIабигинчул тIаьхьа.
Цу тайппа сацам бинера Европерчу кхело стохка Дечкен-баттахь. Цу хенахь компенсаци елларш бара тIот боьдуш лар йоцуш вайначу 17 стеган гергарнаш.