Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Июнь
2019

Новости за 05.06.2019

Radiomarsho.com 

Хьаьжа-Мурд, Шемал-имаман наиб …дIавуллучохь

Шина декъе а екъаелла, къийсалуш ю тахана Дагестан: мила ву, махка чалхаш а еъна, юхадIавуллуш верг, 1852-чу шарахь вийна имаман наиб Хьаьжа-Мурд я цIейоцу кхин стаг? Керла каш а даккхина, барз хIоттийна Суьйлийн эланийн шахьар лаьттинчу Хунзахан кIоштахь – ЦIелмес юьртахь. Меттигерчу жигархоша чIагIдо, шаьш къайлах Азербайджанера схьа а кхачийна, дIайоьхкинарш ю Толстой Лева шен йозанашкахь вийцинчу наибан Хьаьжа-Мурдан дегIан чалхаш, бохуш. Амма кIезиг теша Дагестанера историкаш юхадIавоьллинарг шен заманахь гоьваьлла ваьхна наиб хиларх. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Саакашвилина Iедалехь дарж дала дагахь вац президент Зеленский

Украинин президент Зеленский Владимир дагахь вац Гуьржийчоьнан президент хиллачу Саакашвили Михаилана Iедалехь дарж дала. Цунах лаьцна хаам бина Брюсселехь официалан визитца волчу Зеленский. Хьалхо, Саакашвилина Украинин махкалла ша юхадаларна комментари еш, Зеленскийс билгалдаьккхира, политикан а боцуш, адамаллан сацам бара ша бинарг, цуьнгара паспорт харцонца дIадаккхина хиларна аьлла. Стигалкъекъа-беттан 29-чохь Киеве цIавирзинчу Саакашвилис дIахьедар дира, керла Украина кхулуш дакъалаца дагахь ву ша... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Маршо Радион тIаьххьара керланаш

Нохчийчохь байначеран доьзалшна 1.6 миллион евро далар тIедожийна Европерчу кхело; тIекIелдинчу цIийнан 12-чу тIегIантIера чуйоьжна зуда елла Соьлж-ГIалахь.

Radiomarsho.com 

"Ревизор" спектакль хIоттор ю нохчийн театро

Нурадиловн цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан драмин театро "Ревизор" спектакль хIоттор ю Соьлж-ГIаларчу сцени тIехь. Театран директоро Ахмадова Хьавас дийцарехь, цуьнан режиссер ву Хакишев Руслан. ТАСС агенталло бинчу хаамца, карарчу хенахь нохчийн матте йоккхуш ю Гоголь Николайн "Ревизор" пьеса.

Radiomarsho.com 

Чехаш реза бац шайн Iедална

Чехин шахьарарчу шинарийдийнан протестан акце веанера 120 000 вахархо. Оццул дукха адам дацара гулделла Чехословакехь коммунистийн Iедал карчийна Nežná revolúcia хиллачул тIаьхьа цкъа а, чIагIдо Прагерчу хаамийн гIирсаша. ГIалин юккъерчу Вацлаван майдана бевллачу наха дарж дита бохура премьер-министре Бабиш Андрейга а, цо хIоттийначу юстицин министре Бенешова Марияга а. Кхелан система караерзорна бехкедора гуламхоша Iедал. Чехехь Бенешна дуьхьал протесташ лаьтта бу ши бутт – иза бозбуанчалла лелорна кхеле озор ву аьлла... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Уггар еза мобилан зIе ю Нохчийчохь

Мобилан зIенан уггар йораха йолу пакет юккъерчу барамехь 3% язйелла Оьрсийчохь. Content Review хаамийн а, налитикан а агенталло дийцарехь, цуьнан бахаьана ду роуминг дIаяккхар а, НДС олу ял тIетохар а. "Коммерсант" газето яздарехь, дIаяьккхинчу роуминган мах тIебожийна бахархошна.  Къилбаседа Кавказехь мобилан зIе язйелла 8%. Карарчу хенахь цигахь уггар йорахчу зIенах доккху 320 сом. Ткъа Оьрсийчохь уггар еза мобилан зIе ю Нохчийчохь. ШолгIачу меттехь ю ГIалгIайчоь, цул тIаьхьа ю ГIебартойн-Балкхаройчоь а, Дагестан а.

Radiomarsho.com 

Даккхийн догIанаш дан тарло Нохчийчохь

Мангалан-беттан 5-чу а, 6-чу а деношкахь даккхийн догIанаш дан а, онда мох хьакха а мегаш бу аьлла, варе бина Нохчийчуьра бахархой хенахIоттаман говзанчаша. Оцу юкъанна мох хьакхаран чехкалла хила мега 20-23 метр секундехь. И бахьана долуш, карзахдаьллачу Iаламо зенаш дан мегаш ду цхьайолчу меттигашкахь. Болчу хаамца, тоькан серий хедарна электросерло йоцуш йисаран кхерам бу цхьайолу кIошташ. Говзанчаша хьехар дина бахархошна, эшахь а аьлла, мехкадаьттан чиркхаш а, чӀурамаш а кечбе аьлла.

Radiomarsho.com 

ТIекIелдинчу цIийнан 12-чу тIегIантIера чуйоьжна зуда елла Соьлж-ГIалахь

ТIекIелдинчу цIийнан 12-чу тIегIантIера чуйоьжна зуда елла Соьлж-ГIалахь. И бохам хилла дIабаханчу-беттан 25-чохь, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло. Шинарин дийнахь зорбанан гIирсаша хаам баржийнера, Соьлж-ГIалахь некъахьовзамехь елла зуда, бехк шайна тIера дIабаккхар Iалашонца кхалхаран бахьана хьулдан муьлш бу ца хуучу наха иза тIекъелдинчу цIийнан корехула чукхоьссина хилла аьлла. И бахьана долуш бинчу таллмо гайтина, Серноводскера яхархо 56 шо долу Хакимова Байсет чуйоьжна хилар, Соьлж-ГIалан... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Марханаш къобал хийла!

Марха Достучу Дийнахь керланиг, хазаниг юху бедар, мерзаниг кечдо даар. И ламаст дац цкъа а хийцалуш. Амма го тахана, заманашца дуьстича, керла битамаш а: марханаш къобалдарна шена беллачу шекаран бIелигах доккхадера бер хьалха, ткъа иза "чекх ца долу" тахана - Snickers, Mars ца йоькъучу керта дода а ца доьду бер! Хийцалуш ду дезчу дийнан хатI, дикачу агIор хийцалуш … Маршо Радион корреспондента тергалдира цхьамогIа нохчийн ярташкахь Марха Достуш.

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь байначеран доьзалшна 1.6 миллион евро далар тIедожийна Европерчу кхело

Францерчу Страсбургехь куп тоьхначу Европерчу адамийн бакъонашкахула кхело Оьрсийчоьнан Iедалшна тIедожийна 2000-2005 шерашкахь салташа дIавигинчул тIаьхьа лар йоцуш вайначу 20 стеган гергарчарна 1 миллион 600 эзар евро ахча далар. Цу хьокъехь сацам бина Страсбургерчу кхело Мангалан-беттан 4-хь. Болчу хаамца, берриг а и нах лар йоцуш байна Нохчийчохь 2-гIа тIом боьдуш, Оьрсийчоьнан ницкъаллин структураша Iуналла дечу территори тIехь тIеман барзакъ доьхна герзаца хиллачу наха лецна дIабигинчул тIаьхьа. Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *