Чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллан керла хьаькам хIоттийна ГIалгIайчохь
Коробкинан 46 шо ду. Иза цIера ву Лахарчу Новгородан кIоштара. Ставрополан махкахь чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллан хьаькаман когаметта хилла ву Коробкин 2017-чу шеран ГIадужу-баттахь дуьйна.
Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан ГIалгIайчуьрчу урхаллан коьртехь вара хьалха Кава Дмитрий. Цо шен дарж дитира кхушара Оханан-баттахь, ГIалгIайчохь дуьхьалонан акцеш хиллачул тIаьхьа.