Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Июнь
2019

Новости за 11.06.2019

Radiomarsho.com 

Маршо Радион тIаьххьара керланаш

ЮхадIахIоттийна ГIизларна а, Шелковски кIоштанна а юкъара дозан билгало,Соьлж-ГIалахь полисхой а, экзамене баьхкина дешархой а латар къастош ю талламан комитет, автошколан харц белхахочун хан кхайкхийна Нохчийчохь.

Radiomarsho.com 

Ток тоьхна дешархо вийна Нохчийчохь

Хьалха-МартантIера номер 5 йолчу гимназехь дешна волуш волу кхиазхо велла лекхачу вольтийн ток тоьхна, хаам бо Кавказ.Реалиино. Инцидент хилла Мангалан-беттан 9-чохь. Кавказ.Реалиин хьастано дийцарехь, вада араваьлла волу Бекмурзаев Мурад тоькан серийн аьчка богIамна тIеваьлла хилла, сурт даккхийта дагахь. Цу тIера охьавуссуш кIентан ког хьакхабелла лекхачу вольтийн ток лелачу серах. И бахьана долу вуно чIогIа вагийна иза велла оццу меттехь. Цуьнца цхьаьна социалан машанашкахь цIе ца йоккхучу авторша яздо... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Абхазерчу мозгIарийн дов луьстуш ву Патриарх Кирилл

Гилоян Элеонора 19-чу бIешарахь йилличу Керла-Афонан килсахь хьехамаш бенберг ца къаставалуш, девне бевлла хьийза абхазойн мозгIарш. Президента Хаджимба Раула гIодехна Оьрсийчоьнан Патриархе Кирилле. Шан хьажийначу кехатехь Хаджимбас Оьрсийн ортодокс-килсан куьйгалхочуьнга доьху мозгIаршна Дбара Дорофейна а, Ампар Адгурна а хьехамаш бар доьхкуш хьалхо бина сацам юхабаккхар. Дехарна буха куьг яздина Сухуми-Пицундин епархин куьйгалхочо иерей Аплиа Виссариона а. Нагахь санна Оьрсийн Килсан хьалханчас къобалдахь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ЮхадIахIоттийна ГIизларна а, Шелковски кIоштанна а юкъара дозан билгало

Дагестананерчу ГIизларна а, Нохчийчуьрчу Шелковски кIоштанна а юкъара муьлш бу ца хуучу наха дIаяьккхина дозан билгало юхаметтахIоттийна хаам бо, социалан машанашкахь. Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмад шинарин дийнахь Дагестанан Iедалан векалшца цхьаьна хилира инцидент хиллачу меттехь. "Шина республикана юкъахь гIурт хиларна бехке ду ГIизлара гIалин куьйгалла", - дIахьедар дира Даудовс. Нохчийчоьнан дохзанехь лаьтташ йолу некъан билагало дIаяьккхинера муьлш бу ца хуучу наха... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллан керла хьаькам хIоттийна ГIалгIайчохь

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан ГIалгIачуьрчу урхаллан керла хьаьким хIоттийна полицин инарла-майор Коробкин Михаил. Цунах лаьцна хаам бо "Аргументы и факты" газето, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан меттигерчу урхаллан зорбан сервисна тIе а тевжаш. Коробкинан 46 шо ду. Иза цIера ву Лахарчу Новгородан кIоштара. Ставрополан махкахь чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллан хьаькаман когаметта хилла ву Коробкин 2017-чу шеран ГIадужу-баттахь дуьйна. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан ГIалгIайчуьрчу урхаллан коьртехь вара хьалха Кава Дмитрий. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Бухаяьккхина ГIизларна а, Шелковски кIоштанна а юкъара дозан билгало

Мангал-беттан 10-чу сарахь кегийрхойн тобано бухаяьккхина Дагестанан ГIизларна а, Нохчийчуьрчу Шелковски кIоштанна а юкъара дозан билгало, хаам бо Кавказ.Реалиин корреспонденто. Бахьана ду цакхетам: и территори хьалха а яра Нохчийчоьнан дакъа, билгало лаьтташ яцара, ткъа иза дIахIоттийначул тIаьхьа, меттигерчу кегийрхошна моттаделла, лулахой шен дозанаш шордеш бу аьлла. Билагало дIаяьккхина кегийрхоша, де хьалха социалан машанашкахь яржийначу видеонна жоп луш. Цу видеона тIехь Дагестанан цхьана... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Кочесоко – политикан тутмакх"

Черкес Лариса ​Жигархо лацарца шайн къоман болам дIалакъо гIерта Iедал, боху чергазаша Шоьтадийнахь ГIебарта-Балкхаройчоьнан Лескенан кIоштахь ницкъхоша лаьцна чергазийн жигархо, "Хабзэ" юкъараллин куьйгалхо Кочесоко Мартин. Талламчаша чIагIдарехь, наркотикаш карийна цуьнан машен чохь. Амма иза уллера вевза "Кавказ.Реалиин" хьасташ тешна ю, кхерорхьама, политика, юкъара болх цуьнга битийтархьама тешнабехк цунна бина хиларх. "Хабзэн" офис теллина Iедалхоша, дIаяьхьина компьютераш, даьстина Кочесокон электронан документаш. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Адамаш дайина ХIинжа-ГIаларчу портехь хиллачу эккхарехь

Таркхойн хIордан бердаца йолчу ХIинжа-гIаларчу портехь мехкадаьтта чудуттуш эккхар хилла танкерна тIехь. И бахьана долуш 2 стаг вийна, 2 лазийна, кхин а 1 стаг лоьхуш ву, хаам бо Росморречфлотан зорбанан сервисо, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо. Дагестанан могашаллан министраллехь хаам бина, дарбанан цIийне 3 стаг валийна хиларх лаьцна. Царах цхьаъ вочу хьолехь ву. Цуьнан дегI дагийна ду цIаро 95 процент барамехь. Верриг а танкерна тIехь хила 12 стаг.   Дагестанан орцаллан министралло дийцарехь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Автошколан харц белхахочун хан кхайкхийна Нохчийчохь

Соьлж-ГӀалин кӀоштан кхело листина Х. Мохьмад цIарца вуьйцучу меттигерчу вахархочо сутараллица доьзна нах Ӏехор хьокехь теллина бехктакхаман гIуллкх. Кхелан кхеташо дIахьош къаьстина бехкевечо 5 стаг Iехийна хилар, ша автошколан белхахо ву, машен лело бакъо йоккхуш гIо дан таро ю шен аьлла. Цу кепара 140 эзар сом гулдина хилла цо, ша лебинчу нахера.     Кхело бехке лара сацам бина Мохьмад и зулам дарна. Иза дохко валар а, харцонца даьккхина ахча меттахIоттор а тидаме а эцна, арахь даккха ши шо хан кхайкхина цунна суьдо.

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь бакъоларъярхо Титиев Оюб хенал хьалха мукъаваккха сацам бина набахтера

Нохчийчуьрчу Шелан кIоштан кхело сацамбина бакъоларъярхо Титиев Оюб цуьнан шен дехарца хенал хьалха набахтера аравалийта. Зазадоккху-баттахь набахтин 4 шо кхайкхийра цунна наркотикаш лелорна. Белхан накъосташна а, адвокаташна а хетарехь, политикан буха тIехь дина таIзар дара иза. Итт дийна чохь маьршаваккха тарло Титиев.

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIалахь полисхой а, экзамене баьхкина дешархой а латар къастош ю талламан комитет

Зорбанан гIирсашкахь видеоролик яржар бахьана долуш, Оьрсийчоьнан талламан комитетан Нохчийчуьрчу урхалло къасто долийна Соьлж-ГIаларчу Старопромыслан кIоштахь школана гергарчу территори тIехь лакхарчу классашкара дешархой а, герз детташ полисхой а латар.   Цунах лаьцна хаам бинчу талламан урхаллан сайта тIехь герзаца хилла полисхой хьахийна бу ""муьлш бу ца хуу нах" аьлла. Цу хаамца, хилларг буьззинчу барамехь къастийначул тIаьхьа, талламан комитето бийр бу кхин дан дезачух лаьцна сацам. "Кавказ.Реалиино" яздарехь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

13 шо колонехь даккха хан тоьхна Захарченкона

Пресненски кIоштан кхело оршотан дийнахь бехке леринчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан полковник Захарченко Дмитрийна 13 шо зан тоьхна колонехь луьрчу хьелашкахь яккха. Иза бехке лерина кхаьънаш эцарна а, бакъ-кхел ярна новкъарло ярна а. Захарченкона тIедожийна 117 миллион сом гIуда такхар. Цунна иштта дихкина маьршаваьллачул тIаьхьа пачхьалкхан органашкахь шина шарахь болх бар. Бехкбиллархоша дехнера Захарченкона 15 шо луьрчу хьелашкахь колонехь даккхар а, 500 миллион гIуда а тохар а. Захарченко... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *