Адамаш дайина ХIинжа-ГIаларчу портехь хиллачу эккхарехь
Дагестанан могашаллан министраллехь хаам бина, дарбанан цIийне 3 стаг валийна хиларх лаьцна. Царах цхьаъ вочу хьолехь ву. Цуьнан дегI дагийна ду цIаро 95 процент барамехь. Верриг а танкерна тIехь хила 12 стаг.
Дагестанан орцаллан министралло дийцарехь, газца эдина хIаваъ иккхина хIордан кеман мотораш йолчу чохь. Мехкадаьтта даржаран кхерам бац, боху говзанчаша.