13 шо колонехь даккха хан тоьхна Захарченкона
Захарченкона тIедожийна 117 миллион сом гIуда такхар. Цунна иштта дихкина маьршаваьллачул тIаьхьа пачхьалкхан органашкахь шина шарахь болх бар.
Бехкбиллархоша дехнера Захарченкона 15 шо луьрчу хьелашкахь колонехь даккхар а, 500 миллион гIуда а тохар а.
Захарченко вара Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн минисарллан экномикан кхерамазаллехула урхаллан хьаькаман когаметта. Цо шен Iуналлехь латтош дара ягорган а, энергетикан а комплексехь зуламаш дарца къийсам дIабахьар.
2016-чу шарахь Гезгмашин-баттахь Захарченко лецира. 2017-чу шарахь ГIура-баттахь инарла прокуратуро иск яларца кхело дIабаьккхира цуьнгара а, цуьнан доьзалера а бахам – 8 миллиард сом а, маситта петар а, 4 машен а.