Гуьржийчоь: туристех хьакхалуш яц тхан Кремлца йолу юкъаметтиг
"Гуьржийчоьнан шахьара богIучу хьешашна, арахьарчу журналисташна, туристашна цкъа а ца хилла кхерам», - аьлла ду Гуьржийчоьнан арахьарчу г1уллакхийн министралло дина дIахьедар. Кхаа дийнан боламашкахь хааелла яц цхьа инцидент бен – массех оьгIазвахана хьийзачу стага "Россия 24" телеканалера тоба хьовзор. Полици толлуш ю хилларг, лазийна вац стагга а, хаамбо дипломатин урхалло.
Euronews-на еллачу интервьюхь Гуржийчоьнан президента Зурабишвили Саломес аьлла: «Оьрсийчуьрчу туристашна хьалха санна маьрша хила беза махка кхочу некъаш, царна тов Гуьржийчоь». Москохца гIоьртина лаьтта «хьал хьакхадала ца деза туристех, юкъаметтигаш мухха а нисъеллехь а, паргIат ду Гуьржийчохь», - бохура цо.
Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло хьалхо хаамбира, Гуьржийчохь кхераме ду Оьрсийчоьнан бахархошна, аьлла. Цул тIаьхьа президента Путина омра арадаьккхира Оьрсийчоьнан авиакомпанешна Гуьржийчу кеманаш лелийта доьхкуш. ТIебогIучу беттан 8-чохь дуьйна совцур ю авиарейсаш.