Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Июнь
2019

Новости за 23.06.2019

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIалахь полицина тIелеттачун цIе евзина

КIиранан сарахь Соьлж-ГIаларчу Шериповн урамехь шегара машен сацийча, уьрсаца духьало ярна, некъан полисхоша вийнарг мила ву къастаделла, хаамбо, шен хьасташна тIе а тевжаш,"Интерфаксо". 1997-чу шарахь вина Соьлж-ГIалара вахархо Барзаев Ахьмад ву иза. Хьалхо, Маршо Радионо хаийтина ма-хиллара, Шерипов Асламбекан урамехь (Лорсанов урамах дIакхеташ бу иза, цундела оцу ураман цIе а йоху цхьайолчу хьасташа) некъан полицино сацийна машен, шега документаш гайта аьллачу машенлелорхочо цIеххьана урс тоьхна полисхочунна. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Некъан полицина тIелетта Соьлж-ГIалахь

КIиранан сарахь Нохчийчоьнан коьртачу шахьаран юккъерчу цхьана урамехь некъан полисхочунна урс тоьхна цо а, цуьнца хадечу белхан накъосташа а сацийначу машенан дас, хамбо, хьасташна тIе а тевжаш, "Интерфаксо". «Шерипов Асламбекан урамехь некъан полицино сацийна машен, шега документаш гайта аьллачу машенан дас цIеххьана урс тоьхна полисхочунна», - дийцина хьасто Интерфаксе. Полицино герзаш диттина тIелеттачунна, вийна иза. Кхечу хьасташа дийцарехь, Лорсановн урамехь хилла бохам, ши полисхо ву лазийна. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Гуьржийчоь: туристех хьакхалуш яц тхан Кремлца йолу юкъаметтиг

Оьрсийчуьрчу туристашна кхерам болуш хIума а дац Гуьржийчохь, боху Тбилисино. Шайн территореш дIалецар, шайн пачхьалкхан чоьхьарчу г1уллакхашна Оьрсийчоь юкъагIертар наха гуламашкахь емалдар ца хьакхало мог1арчу оьрсех, аьлла ду цигара даьржа дIахьедарш. "Гуьржийчоьнан шахьара богIучу хьешашна, арахьарчу журналисташна, туристашна цкъа а ца хилла кхерам», - аьлла ду Гуьржийчоьнан арахьарчу г1уллакхийн министралло дина дIахьедар. Кхаа дийнан боламашкахь хааелла яц цхьа инцидент бен – массех оьгIазвахана... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ДАIИШхой хIаллакбина ша, хаамбо Дагестанерчу Iедало

Хасу-Юьртан к1оштахь шоьтан буса хиллачу тIематасаларехь ши ДАIИШхо вийна, хаамбина Халкъан антитерроран комитето. Комитето бахарехь, Iедалан ницкъхошна тIелата Iалашо хилла байинчийн. ЦIерш йохуш яц церан. Эндараний, Карлан-Юьртаний юккъерчу новкъа йоьду машен сацо гIиртина ницкъхой, амма герзца дуьхьало йина царна. Иккхинчу тIематасадаларехь машенчохь хилларш хIаллакбина, боху Халкъан антитерроран комитетан пресс-релизо. Т1аьхьо Комитето яржийна хиламах лаьцна хиламехь яьккхина видео.

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьрчу гуламаша емалйо репрессеш

Москох а, Оьрсийчоьнан кхин а 10 г1алахь а акцеш ю тахана дlайоьлхуш. Гуламхоша гойту шаьш «Медузин» журналистца Голунов Иванца буйла, политикан репрессешна, доцчу бахьанашца нах бехктакхаме ийзорна резабоцийла, хаамбо Маршо Радион оьрсийн сервисо. Iедало къобалъянза йолчу Либертарианан партина а, журналистийн профессоналан юкъараллина а мэрино магийна гулам бу лаьтташ шахьарарчу Сахаровн майданахь. Акцийн декъашхой дагахь бу Голунов лоцуш хьийзина ницкъхой жоьпалле беха а, изоляторшкахь кхобу журналисташ Гаджиев Iабдулмумин а... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *