ДАIИШхой хIаллакбина ша, хаамбо Дагестанерчу Iедало
Комитето бахарехь, Iедалан ницкъхошна тIелата Iалашо хилла байинчийн. ЦIерш йохуш яц церан.
Эндараний, Карлан-Юьртаний юккъерчу новкъа йоьду машен сацо гIиртина ницкъхой, амма герзца дуьхьало йина царна. Иккхинчу тIематасадаларехь машенчохь хилларш хIаллакбина, боху Халкъан антитерроран комитетан пресс-релизо.
Т1аьхьо Комитето яржийна хиламах лаьцна хиламехь яьккхина видео.