Некъан полицина тIелетта Соьлж-ГIалахь
«Шерипов Асламбекан урамехь некъан полицино сацийна машен, шега документаш гайта аьллачу машенан дас цIеххьана урс тоьхна полисхочунна», - дийцина хьасто Интерфаксе.
Полицино герзаш диттина тIелеттачунна, вийна иза.
Кхечу хьасташа дийцарехь, Лорсановн урамехь хилла бохам, ши полисхо ву лазийна.
Хьал тергалдо Маршо Радионо.