Кадыровн ахчанах керла машен эцна, некъахьовзамехь доьзал кхелхинчу Смоленскерчу вахархочо
Роменковн гергарчу зудчо Smolnarod сайтан корреспонденте бинчу хаамца, Кадыровн векал веана хилла иза волчу, ахча а дохьуш. "Ромас керла машен эцна хIинцале а", - аьлла цу зудчо.
Дагадоуьйту, кху шарахь Зазадоккху-беттан 25-чохь Можайски шоссехь вовшахкхеттера "Мерседес Гелендваген" а, "Нива" а машенаш. Смоленскан вахархо хиллера шен 35 шо долчу хIусамненаца шайн 12 шо долу йоI дарбанан хIусаме эцна Москох воьдуш. Зуда а, йоI а кхелхира цу некъан бохамехь. И ирча кхаъ къаьчначул тIаьхьа кхелхира ненанана а.
Хилларг бахьана долуш бехктакхаман гIуллакх ду толлуш.