«Рапидо 2.0» лоторейхь коьрта совгIат даьккхина Нохчийчуьрчу школан директоро
"ТIаьхьо хиира суна, сан кхаж баьлла ца Iаш, ас схьаэцнарг коьрта совгIат хилар! Миллионер хила суна моьттучул а, дуккха а атта хилла", - даладо Оздамировн дешнаш "Столото" сайтан зорбанан сервисо.
Цу кепара, 144 107-чу тиражехь Оздамировс даьккхина 3 426 018 сом. Ша и ахча мича хьажор ду цкъачунна ца хаьа цунна.
"Столото" сайтан зорбанан сервисо дийцарехь, "Рапидо.2.0" лоторейхь харжа деза цхьана билетана тIехь 8 терахь, ткъа шолгIачунна тIехь - цхьа терахь. Уьш дерриш а муьлхарниш ду хиинчо доккху коьрта совгIат – "суперприз".