МухIажирех бакъонашларъярхоша бина хаам харц бу аьлла Нухажиевс
"Оьрсийчоьнан бахархоша хIунда йоьху Европехь тховкIело?" аьллачу шайн рапортехь "Гражданское содействие" организацин куьйгалхочо Ганнушкина Светланас чIагIдо, хIора шарахь иттех эзар гергга Нохчийчуьрчу бахархоша мухIажиран статус йоьху Европан пачхьалкхийн Iедалхошка бохуш.
Уггар хьалха иза доьзна лору бакъоншаларъярхоша, Iедалш "гейшна тIаьахьабевлла леларца а, зударийн бакъонаш ларъеш цахиларца а".
Далийна терахьаш "провокацин арифметика" а, "аьшпаш" а бу аьлла нохчийн омбудсмено.
"Бакъонаш ларъеш ду шаьш а бохуш, оцу некъашца бизнес еш бу уьш. Шайн боьхачу Iалашонашкахь юьхьарлаьцна цара Нохчийчоь", - билгалдоккху Нухажиевс. Ишта кхайкхамбина нохчийн омбудсмено Оьрсийчоьнан бахархошка кхетаме хилар а, политикана тIаьхьакхуьуш хиларе а доьхуш.